Нохчийн абат Брайлан системе ерзор ю

Нохчийн мотт кхиоран а, Ӏалашбаран а декъехь дӀахьочу белхан керла агӀо евзар ю кеста.

Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца нийса, нохчийн меттан абат Брайлан системе ерзоран Ӏалашонца дӀахьочу белхан леррина тоба вовшахтоьхна Нохчийчохь.

Белхан тобанан 18 стагах лаьтташ ю, шайн могӀарехь Правительствон а, Нохчийн меттан институтан а, бӀаьрзечеран школаинтернатан а векалш а, иштта, лингвисташ а, бӀаьрзечаьрца болх беш болу хьехархой а, кхиберш а болуш.

Балхана тIехь Ӏуналла дийр ду республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа. Тобанан декъашхочо Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата ма-аллара, и тайпа болх а вайн республикехь духхьара кхочушбийр бу.

Нохчийн меттан абат Брайлан системе ерзо лууш хьалх-хьалха а цхьацца белхаш беш хилар хаалора, амма кхачам боллуш чекх ца доккхура и гӀуллакх.

ХӀинца санна, пачхьалкхан тӀегӀанехь дийцаре дина цахиларна буьтуш бара и болх.

«Баккъал а, нохчий меттан абат Брайлан системе ерзош болх дӀабахьийта дагадар шен хеннахь, шен меттехь деш дика гӀуллакх ду. Вайн махкахь, Россин кхечу регионашкахь санна бӀаьрса ледара долу а, я иза данне а доцу а нах бу. Рельефни-тӀадамийн шрифт юкъаяьккхича, шайн къоман меттан а, исбаьхьаллин литературин хазнех а пайдаэцарх самукъадер ду оцу нехан», – билгалдаьккхира Хь.Умхаевс.

Далла гергахь а ял хир йолуш доккха гӀуллакх ду бӀаьрзечарна еша аьтто бархьама нохчийн меттан абат Брайлан системе ерзор.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: