Де дийне даларца вайн республикехь а, Россехь а хилла ца Iаш, дерриге а дуьненахь а хаддаза кхуьуш бу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан сий-ларам. Цунна тоьшалла деш ду Россин регионийн уггаре а сий-ларамечу куьйгалхошна юкъахь иза гуттар а хьалхарчу могIаршкахь хилар. Иштта, 2015-чу шеран май баттахь а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь Россин регионийн уггаре а алсам хьахочу куьйгалхойн рейтингехь хьалхарчарна юкъахь ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Оцу рейтингехь хьалха ву Москван мэр Собянин Сергей. ШолгIачу меттехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву, Россин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь иза майхь 9 эзарза сов хьахийна. КхозлагIа ву ГIезалойчоьнан Куьйгалхо Минниханов Рустам.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин регионийн куьйгалхойн сий-лараман рейтингехь шолгIачу меттехь хиларо, къеггина гойту иза вайн махкахь боккха сий-ларам болуш хилар а, Россин а, Нохчийчоьнан а халкъийн барт эгIо, дуьненахь болу церан сий-ларам лахбан вайн мостагIий гIертар кхочуш цахилар а.
Россин регионийн куьйгалхойн сий-лараман рейтингехь Кадыров Рамзан ондда хьалхарчарна юкъахь хиларо тоьшалла до вайн Куьйгалхочун Нохчийчохь а, Россехь а, дозанал арахьа а болу сий-ларам лахбан гIерташ берш шайн Iалашоне кхаьчна цахиларна а, кхочург цахиларна а. Россин юкъаралла Р.Кадыровх тешаш а, цунах яккхий дегайовхонаш йолуш а ю. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана доккха маьIна леладо Россин политически дахарехь.
Рейтинг хIоттийна хаамийн-хьесапдаран «Медиалогия» системо бинчу талламийн жамIашца.
«Медиалогия» медиа-хьесапаш деш йолу Россин йозуш йоцу талламан компани ю. Цо хьесапаш, жамIаш дина 25 эзар сов газетан а, журналан а, хаамийн агентствон а, теле-радиокомпанин а, интернет- СМИ-н а хаамийн буха тIехь.
М.САЛАВДИНОВ
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо