ГаланчIожан кIоштахь 110 километр сов автомобилийн некъаш дохкур а, тодийр а ду. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара.
Дагадаийта лаьа ГаланчIожан кIоштахь Iаш кIезиг адам бен цахилар… Амма иза хьал долуш ю ширачу а, юккъерчу а бIешерийн историца (архитектурин дукха хIолламаш).
ТIаьхьарчу шина бIешарахь уьш дукха хIаллакйина, амма, цуьнга хьаьжна доцуш, кхузахь бIешераш кхаьчна алссам исбаьхьа меттигаш ю (археологин хIолламаш).
Таханлерчу дийнахь «Буммат – Роьшни-Чу – ГаланчIож» некъ, жагIа боьхкина, асфальт йилларна кечбина.
Иштта, баккха болийна «Буммат – Итон-Кхаьлла» некъ а.
Л.ДАУТОВА
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де