Нохчийн Республикехь маьлхан токан станцеш ян Iалашо ю

ХIокху шарахь вайн республикехь дуьххьарлера маьлхан токан станци болх бан йолалур ю. Цуьнан нуьцкъалла 5МВт хир ю. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министраца Шаптукаев Рустамаца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

«Невран маьлхан электростанци» инвестицийн проект кхочушъяран белхаш бу беш. 5 МВт нуьцкъалла йолчу цунах хIокху шарахь дуьйна пайдаэца аьтто хир бу», – хаам бина соцсетехь йолчу агIонехь М.Хучиевс.

Цу тайппана станцеш Курчалойн а, ТIехьа-Мартан а кIошташкахь ян Iалашо ю.

Регионан Iаламо, доккхахдолчу декъана, кхузахь алссам ламанца охьаоьху чехка хиш хиларо, боккха аьтто бо «баьццара» энерги яккхарехь, иза цуьнан нуьцкъаллин хьоста хиларна.

«Къаьсттина ала деза вайн республикехь малх боцуш денош наггахь бен догIуш цахиларо маьлхан ток яккхарна боккха аьтто беш хилар – аренашца-ламанан кIажошкахь – 34–40 де, ламанца – 10–12 де. Цул сов, уггаре а йовхачу хенахь – асаран (июнь) – товбецан (сентябрь) беттанашкахь – итт шарахь деанарг хааделларг 1–5 де бен дац малх боцуш», – яздо М.Хучиевс.

Цо билгалдаьккхира ток латторан дикалло республикина еш йолу инвестицеш алсамъяьхна ца Iаш, кхидолу дакъош кхиор а цунах дозуш хилар.

№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: