Зударийн дуьненаюкъарчу денна лерина, Зорбанан цӀийнехь дӀадаьхьира даздарийн цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера Россин Зударийн союзан Нохчийчохь йолчу отделенис.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас, Хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада а, Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Хаджимурадов Iийсас а, Россин Зударийн союзан нохчийн отделенин векалша, хьешаша.
Шен къамелехь А.Дудаевс билгалдаьккхира нохчийн зударий шайн граждански хьежам а болуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъан тоьлла векалш хилар.
– Нохчийн зударий хьуьнар долуш, муьлххачу а балха тIехь шайн декхар лаккхарчу тIегIанехь кхочушдеш, кхиамашкахь вайл хIумма а тIаьхьа бусуш бац. Тахана а кху зала чохь гулбелла тайп-тайпанчу урхаллашкахь белхаш беш болу тоьлла зударий. Аш дийриг доккха гIуллакх ду. Шайн коьрта болх барал сов, юкъараллехь а жигара дакъалоцу аш. Дела реза хуьлда шуна! Дала декъалдойла шу! – элира министра.
Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран директора, актрисас Ахмадова Хьавас нохчийн поэтийн-зударийн байташ йийшира.
Россин Зударийн союзан Нохчийчохь йолчу отделенин куьйгалхочо Уциева Сацитас Баркаллин кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а билгалбехира оцу отделенин декъашхой.
ВЕГИЕВА Макка
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де