Туризм кхиор вайна къаьсттина мехала ду

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана белхан кхеташо дIаяьхьира лаьмнийн басешца Iуьллучу Бенахь. Цигахь дийцаре дира Нажи-Юрт кхиоран проблемийн а, таронийн а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Кхеташонехь коьрта доклад йира кIоштан муниципальни цхьаьнакхетараллин администрацин куьйгалхочо Музуруев Асланбека.

Цо, коьртачу декъана, дийцира инвестицийн белхан а, туристически кластерехь долчу хьолан а хьокъехь.

«Таханлерчу дийнахь кхочушъеш ю 200 гергга проект. Уьш тайп-тайпанчу дакъойх хьакхалуш ю. Хьаххийначуьра аьлча, тхо болх беш ду кондиционераш вовшахтасаран а, шоколадаш арахецаран а предприятеш ян лаам болчу инвесторшца. Делахь а, коьртачарех цхьа некъ бу туризм кхиор. КIошт шена туристийн боккха тидам тIеийзош ю. Тхан «Шира Бена», «Ахки тIай» садаIаран базаш меттигерчу бахархошна а, хьешашна а дика евзаш ю. Ала дашна, оха дIадолийна «Беной Тревел» курорт яр», – элира цо.

Нажи-Юьртан кIоштана тIехь верасалла деш волчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчас Хататаев Ахьмада билгалдаьккхира кIоштан уггаре а йоккха проблема хица юьззина кхачоярехь хилар.

Цо дийцарехь, дIахьош ду 30 юьртарчу бахархошна хица кхачоярхьама цига хи далор. Говзанчаша динчу хьесапаша гайтина кхин а хин биргIанаш яхка езарг хилар. Уьш «Аьхки тIай» хи тIера схьаяхка езар йолуш ю.

Регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствон векалшна тIедиллира меттигерчу Iедална оьшуш долчунна тIехь гIо дар.

Цо аьлла ма-хиллара, нохчийн лаьмнаш яккхий таронаш йолуш ду кхиарехьа гIулчаш яха.

Республикин Iедалан коьрта декхар ду оцу таронех буьззина пайдаэцар.

«ХIаъ, вайн йоккха дегайовхо ю туристически кластерах Нажи-Юьртан кIоштахь а, вайн республикин лекхачу лаьмнашкарчу ерриге а меттигашкахь а санна. И кIошташ евзаш ю исбаьхьачу Iаламца, хенан хIоттаман хьелашца, архитектурин хIолламашца. ХIинца вайна къаьсттина мехала ду туристийн тидам тIеозор. Оцу гIуллакхна юкъаозо беза шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, социальни сеташ а», – дерзийра цо.

Д.ПАШАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: