ТIаьхьарчу деношкахь Иракан Iедалан эскарша дикка тохар дина «Иблисан пачхьалкх» гIеранашна. Царна юккъера 40 сов зуламда хIаллаквина, чевнаш йинарш шозза алсам хир бу.
***
Иранан куьйгалло кхайкхам бина Йеменан Iедале а, гIаттамхошка а фарз мархийн Рамадан тIекхачале тIемаш бар сацор, вовшашна юкъахь маслаIат хир долу некъ лахар доьхуш.
***
Гана пачхьалкхехь цхьана АЗС-хь эккхарца а, цул тIаьхьа бензинах цIе яларца а доьзна иттаннаш адамаш кхелхина. Бохам хиларан бахьана толлуш ю бакъонаш ларъяран органаш.
***
Бурунди дуьненахь уггаре а къечу пачхьалкхех цхьаъ ю. Цуьнан бахархойх ах сов мацалла бала хьоьгуш бу. Хьал тIеттIа галдолуш ду Iедална резабоцчу оппозицин ницкъаша къепазалла латторна.
***
Парламентан харжамаш дIабахьа беза де герга мел кхечи а карзахбуьйлуш бу Хонкарара оппозицин ницкъаш. Цара денна митингаш дIахьо мехкан тайп-тайпанчу гIаланашкахь.
***
Къилба Корейхь гучуяьлла MERS вирус. Цунах хIинцале кхо стаг кхелхина. Кхин а 30 сов стаг ву цуьнца бала хьоьгуш.
***
Парижана юххехь йолчу Ле Буржехь схьайиллина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шен хьуьнаршца билгалъяьлла хиллачу «Норманди-Неман» авиаполкан музей. Иза схьайоьллучохь дакъалецира Россин оборонан министран заместитела Ю.Борисовс.
***
ФРГ-н МИД-н куьйгалла Росси «бархIанна» (G8) юха юкъаялорехьа ду. Цунна хетарехь Росси юкъахь ца хилча къасталур доцуш дукха гIуллакхаш ду Европехь.
***
Украинин Iедалан эскарша бакъонца юха а боккха тIом бира стомара Донбассехь. И бахьанехь 21 стаг вийна, 124 стагана чевнаш йина. Царах дукхах берш маьрша нах бу.
***
Малхбузенна, США-на, ЕС-на даррехь хууш-гуш ду Украинин куьйгалло Минскехь бина барт тоххарехь бохийна хилар. Делахь а шайна иза ца хууш, ца гуш санна суьрташ хIиттадо цара.
***
Стомара дуьйна доьхкуш ду Эстонера, Латвера чIерийн сурсаташ Россе дар а, кхузахь дохкар а. Цуьнан бахьана ду оцу сурсаташца могашаллина зен деш йолу хIуманаш карийна хилар.
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо