Зударийн сий до вайн махкахь

Омаев Дагунан цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу даздарийн цIийнехь дIадаьхьира Зударийн дуьненаюкъарчу денна – бекарг (март) беттан 8-чу денна лерина даздарш.

Веза хьаша санна, цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Иштта, цига веанера Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Таймасханов ГIалас, культурин министр Дааев Хож-Бауди, цуьнан хьалхара заместитель Кадырова Iайшат, Соьлжа-ГIалин мэран декхарш кхочушдеш волу Кадыров Хас-Мохьмад, республикин Парламентан депутаташ, министрийн кабинетан декъашхой, кIоштийн куьйгалхой.

Залехь дIахьочу даздаршка кхайкхинера тайп-тайпанчу говзаллашца белхаш беш болу зударий, мехкарий, дукха бераш долу наной, къинхьегамехь билгалбевлла белхахой, белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн наной, ткъа иштта, медицинин белхахой. Царна массарна а зезагийн курсаш елира.

Гуламан даздаран дакъа дIадолош, зударий, мехкарий декъалбеш, къамел дира регионан Правительствон Председателан заместитела Умаров Джамбулата.

«Гоьевлла сонаташ, поэмаш, романаш язъечу хенахь вай Iаламат мехала цхьа хIума дицдо, ткъа вай дицдеш дерг уггаре а мехалчех а мехалниг ду. Вай ваьш мел деш дерг церан дуьхьа деш ма ду, царна лерина деш ма ду. Цундела, уьш ца хилча, вайн похIманаш иштта мерза а, бIаьрла а, синхьааме а хир ма дацара, иштта беза а, сийлахь а хир ма бацара вайн толамаш. Вай буьйцурш зударий бу», – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира зударша нохчийн юкъараллехь доккха маьIна лелош хилар.

«Вайн хьомсара наной, йоIарий, дейижарий, ненайижарий, йижарий, денаной, ненананой, хIусамнаной нохчийн халкъан сийлаллин а, оьздангаллин а, ийманан а, эхь-бехкан а дозаллин а масал ду. Царна-м массо а де а деза де ду аьлла, дIакхайкхо догIура. Вай дерриге а дийр ду вайн хьомсара зударий ирсе хилийтархьама. Ас даггара декъалдо шу зударийн дуьненаюкъарчу денца бекарг (март) беттан 8-чу денца», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Къаьсттина довха декъалдаран дешнаш элира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина.

Фондо Нохчийчоьнан бахархошна гIо дина ца Iаш, Россин тайп-тайпанчу регионашкахь, дуьненан массо а маьIIехь бехачу нахана гIо-накъосталла до.

Цул тIаьхьа Р.Кадыровс Пироговн орденца совгIат дира инфекцийн цамгарийн республикин туьшан коьртачу лоьран дарбанаш даран балхехула заместитель йолчу Гоева Зараана а, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу клиникин больницин анестезиологин а, реанимацин а отделан заведующина Шамаева Хидина а.

Царна и совгIаташ дина Россин Президентан В.Путинан Указца, коронавирусан уьнна дуьхьал къийсам дIабахьарна юкъа йоккха хазна йилларна.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыровн орденца совгIат дира инфекцийн цамгарийн республикин клиникин туьшан баккхийчеран чуьйрийн отделенин заведующина Дагаева Раминатана.

Цул сов, Р.Кадыровс кхин а 40 зудчунна «Ненан сий», «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалшца, «Къинхьегамехь билгалъяларна» билгалонашца, Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.

Даздарш дерзош хаза концерт гайтира Шахбулатов Iаднанан цIарахчу пачхьалкхан филармонин солисташа а, хелхаран коллективаша а.

Д.АНАДЕВ
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: