Итон-Кхаьллан кӀоштарчу Зумсахь метта а хӀоттийна, схьадиллина 300 шо хьалха дина хилла маьждиг.

МеттахӀоттийна Делан хӀусам 160 стеган жамIатехь ламаз дан аьтто болуш ду. Иза дина ламасталлин нохчийн архитектурин хотIехь.
Оцу хиламца юьртан а, кӀоштан а бахархой декъалбина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, цо баркалла аьлла гIишло ярна жоьпалле хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчина Эдильгириев Амруддина, маьждиг дарна а, меттахӀотторан белхаш жигара дӀабахьарна а.
И беркате гӀуллакх Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин фондан чоьтах дина.
Цу тайппана хаза совгӀат шайна дарх баккхийбийна а ца бовлуш, даггара баркалла бохура меттигерчу бахархоша.
Ламаст а хилла дӀахӀоьттина ма-хиллара, Делан хӀусам мовлад а доьшуш схьайиллира.
А.КАНТАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де