ХХI-чу бIешеран юьххьехь дара электронни шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула цхьацца хабарш хаза доьлча. Европарламентан цхьа депутат ву нохчийн халкъан бала айъина хьийзаш бохуш дара схьахеза тайп-тайпана хабарш.
Цхьамма а кхеттош схьа ца дуьйцура депутата айъина хьийзош дерг, бакъдерг дийцича, буьрсачу тIеман цIергахь дохку вай а дацара цхьа а депутат дагавогIучохь. Массо а шен декъаза са дадийна, ведда-хьаьдда хьийзаш вара, бIаьрга сара кхетча санна.
Эххар а, 2004-чу шеран хьалхарчу деношкахь билгалделира ХХ-чу бIешеран 40–50-гIий шерашкахь вайн халкъо лайна къизалла Iаьткъинарг Италера журналист Дюпюи Оливье хилар.
Европарламентан депутат вара Дюпюи Оливье 1996-чу шарахь дуьйна. Цо дукхазза дIахьедина хиллера 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь нохчий а, гIалгIай а Сталинан хьадалчаша махкахбахар, халкъашна тIехь йина геноцид хилар, Россин Iедалан векалша билгал ма-даккхара, депортаци а йоцуш.
Амма журналиста дуьйцург тергал деш а, декъазчу халкъашца бала болуш а цхьа а вацара. Цундела, дукхазза цо цу хьокъехь дина дIахьедарш, терго йоцуш дуьтура Европарламентехь.
1999-чу шарахь кхин цкъа а хаьржира Дюпюи Оливье Европарламенте Бельгин а, Италин а бахархоша кхаж а тесна, шайн шина пачхьалкхан векал а веш.

Дижа ца дуьтуш, журналиста юха а дийца долийра халкъашна тIехь советийн Iедало латтийна таIзар.
Кхин цхьамма а ша дуьйцург тергал ца дича, 2004-чу шеран кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь мацалла (голодовка) лецира цо нохчий, гIалгIай махкахбахар геноцид хиларан хьокъехь закон Европарламенто тIеэца дезаш хилар дIахьедеш.
Цуьнга дукха дехарш дира мацалла ма-лацахьара, хьуо хIаллак ма-вахьара бохуш. Амма журналист къар ца лора, цо юучух мотт ца тухура.
ХIора а дийнахь шен метте схьавогIий, вист ца хуьлуш, гIаларт санна, Европарламентехь Iара иза, гергарчара, доттагIаша дуьйцург тергал ца деш, ша шен лаамехь тIелаьцначу мацаллин бала токхуш. Иштта дIаелира бутт сов зама. Журналист ирхIотталуш а вацара, Европарламентан тховкIел доттагIаша лаьцна валавора иза.
2004-чу шеран чиллин беттан 25-чу дийнахь дара Оливьен могашаллина сагатдечу адамашка мерза кхаъ кхечира. Иза журналиста, баттахь сов, шен дегIана ницкъ беш, латтийначу мацаллин Iазап чекхдаьлла хиларан хьокъехь бара.
Мел чIогIа дуьхьалбевлла хиллехь а, Европарламентан депутаташа, шаьш бахьанехь мацалла стаг ца валийта, 2004-чу шеран чиллин беттан 26-чу дийнахь тIеийцира «нохчий, гIалгIай махкахбахар геноцид лараран» хьокъехь законопроект. Вайн халкъан дуьхьа ша юьхьарлаьцначу Iалашоне кхечира адамийн бакъонашларъярхо, депутат, журналист Дюпюи Оливье.
1958-чу шеран чиллин беттан 25-чу дийнахь Бельгин Ат цIе йолчу гIалахь дуьнен чу ваьлла Д.Оливье.
Бельгехь чекхъяьккхина пачхьалкхан университетан социологин а, политологин а факультет. Студент волуш дуьйна юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара.
1981-чу шарахь хилира цунах Паннели Маркос куьйгалла дечу радикальни партин декъашхо. Оцу партин векал санна кхечира иза дуьххьара Европарламентан депутатан дарже.
1999-чу шарахь «Эмм Бонино» цхьаьнакхетараллин векал а волуш юкъавахара иза Европарламентана.
Тахана иза маьрша журналист ву, цхьана а шуьйрачу хаамийн гIирсашца вазар доцуш. Цундела паргIат ву шена луъург яздан а, дийца а.
Бакъду, массара, дукха хIума схьа ца эца, зорбане йоху журналистан статьяш. Цаьрца даима а бакъдерг хуьлу, иза мел къаьхьа делахь а.
Тахана а шен амал хийцина вац Д.Оливье. Цуьнан хаддаза Iоттабаккхамаш хуьлу Европарламентаца.
Дукха хан йоццуш, кхин цкъа а нохчашна тIехула йоккха гIовгIа яьккхинера журналиста. Францин куьйгалхоша шайн тIаламазалла бахьанехь, юха а, нохчийн халкъана тIехь харц цIе кхолла гIертарца йоьзна яра и тIаьххьара яьлла гIовгIа.
Цара дийцарехь, «нохчийн зуламхойн маша» (чеченская сеть) бу Францин синтем бохийнарг.
Нохчашна французхоша йоцу цIе тиллар ла ца делла журналисте. И харцо гIараяьккхина ца Iаш, Европарламентан комиссига леррина хаттар дина цо, «дийнна халкъ бехдеш, иштта цIе яккхар шуна муха хета?» аьлла.
Европарламентан комисси оцу хаттарна хIинца а жоп далаза ю. Цуьнан декъашхой ойла еш бу, муьлха жоп делча журналист реза хир вара-те бохуш.
Иштта сема доттагI ву-кх вайн Европехь.
АРАПХАНОва Аза
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де