«Салтичун да» фильман режиссераца Чхеидзе Резоца хиллачу цхьаьнакхетарх

«ДIаяйъа и телевизор! Диканиг, оьзданиг ца дохьу цо!», – бохуш, арара чу мохь бетташ, дукха хьолахь, дов деш хуьлура тхуна баккхийнаш.

Амма, дагадогӀу, бIаьстенан юккъерчу дийнахь, тхан берриге а боккха доьзал дуьххьара цхьаьна цхьана кино хьоьжуш Iийна де. Оцу кинохь, тIамехь чов а хилла, госпитале кхаьчна шен кIант лаха тIаме вахана воккха стаг вара. Рейхстага чохь, да тIекхаьчча, кхалхар хилира кIентан.

Суна и воккха стаг нохчи ву моьттура. Иштта массарна а моьттина хиллера. Шайн кIентий тIаме баханчу эрмалошна цунах эрмало тарвеллера, ткъа Кавказан кхечу къаьмнашна иза, шайн къомах бен хуьлийла дац аьлла хетта хиллера.

Оцу кино хьоьжучу тхан Нанас, йовлакхан тIам хьоькхуш, бIаьрхиш дIадохура. Да-нана а реза а долуш тхо хьаьвсинчу оцу фильман цIе «Отец солдата» хиллера. Гуьржийн режиссера Чхеидзе Резос яьккхина хиллера иза.

Цул тIаьхьа а, и фильм, моссазза гойту, кхин а чIогIа езалора нахана. ХIетахь, Советийн заманахь, оцу тайпа кино яккхийтар а, тайп-тайпана къаьмнаш дехачу СССР-хь иза массара а езаш тIелацар а, оцу режиссеран дог, са, хьежам цIена, комаьрша, сирла хилар дара. Доьзалан фильм хилла дIахIоьттира «Салтичун да» фильм.

2008-чу шарахь, Соьлжа-ГIалахь, Культурин министерствос «Ноев Ковчег» Дуьненаюкъара фестиваль дIаяьхьира.

ХIетахь Нохчийчу веара дуьненахь а гIараваьлла режиссер. Чхеидзе Резо вовзар а, цуьнца къамел дар а нисделира сан. Цуьнца хилла къамел, цунах лаьцна бисина дагалецам юха а карлабелира Р.Чхеидзе 2015-чу шеран хӀутосург (май) беттан 3-чу дийнахь кхелхина аьлла хезча.

ХIетахь, 2008-чу шарахь, масех статья зорбане а елира цуьнан къамелах лаьцна. Царах цхьаъ «Шуьга, нохчашка, ладогIа хьакъ дара» аьлла яра. «Даймохк» газетан агIонашна тIехь Чхеидзе Резо – Кавказан дозалла! БIешеран похIма! И саннарг шен цхьана халкъан векал хилла ца Iаш, дерриге а халкъийн а дозалла хуьлий вуьсу. Диначу дикачу гIуллакхийн, белхан сийпусар дан хиъна стаг вара иза, цуьнан синтокхонах дакъа къаьчна гуьржийн къоман а, ерриге Кавказан а культурина а.

Р.Чхеидзес дуьйцура: «Дин даима а ламасташца доьзна хилла ду. Ткъа халкъ – шен цхьана Iадаташца. КIорггера чулацам болчу муьлххачу а киноца догIуш дин гур ду шуна. «Динах фильм» бохург – иза, билггал, цхьана динан башхаллаш, аяташ я сураташ дешар дац. Советийн Iедалан заманахь кино юкъара дин дIадаккха гIерташ, цхьана наха дукха чIогIа къахьегнера, амма гIуллакх ца хилира. Дуккха а хьалха, Францехь хиллачу цхьана кинофорумехь, Сусловн хилла оператор вевзира суна. СадоIуш, ресторанехь тхо Iачу хенахь, кинох, динах, дахарх къамел тасаделира тхойшиннан. Ша сох тешна ваьлча дийцира аьлла хета суна… Цо дийцинарг довзуьйту ас: «Суслов Советийн Iедалан идеологин «директор» вара. ХIетахь атеизм сийлахь яра. Ткъа Сусловн шен цIахь, шен кабинета уллерчу чохь Iалашъеш яра шен нана. Воккханиг лорура цо, иштта, шен нанна Iаламат дика кIант а вара иза. Цомгаш йолчу цо мохь тоьхча хезийла доллучохь, шен кабинетана уллерчу чохь кхобуш яра цо иза. Ткъа оцу чохь, тхов тIера цIенкъа кхаччалц бохург санна, пенашна тIе дIайиттина иконаш, Инжила тIера хьехамаш бара. Шена генаяьккхина ца юьтуш, шайн дино ма-бохху кхаьбна цо шен нана. Динан нийса некъ бу иза. Вайна евзачу «Салтичун да» кино чохь ас Инжила юкъара балийна 10 хьехам карор бу шуна, шуна тидам бан хаахь. Цкъа делахь, цигахь динах лаьцна аьлла дош а доцуш, дино мел дуьйцу, мел кхайкхадо диканиг, цIенаниг гойтуш ду. Масала, кемсийн таьлланг хIаллакдеш воллура цхьа бIаьхо, салтичун дас (кинон турпалхочо) бехк боккху цуьнга, мостагIчун елахь а кхоае, хIаллак ма е кемсаш, олий. Дала кхиийна, стом луш йолу кемсаш тIеялийта а, иза кхион а ницкъ боцучу вайн, бакъо яц, кемсаш хир уьш я кхечу стоьман дитт хир иза, хIаллакдан. Дала деллачун пусар дан деза. ШолгIа делахь, вай (нохчийн а, гуьржийн а) ирс хилла вешан къаьмнийн гIиллаккхий, динан гIиллаккхий цхьаъ хиларна. «Я – патриот» а, «Я – верующий» а бохург цхьаъ хеташ ваьхна со».

Резон, Соьлжа-ГIалахь (2008-чу шеран асаран (июнь) беттан 16-чу дийнахь) Культурин министерствехь пресс-конференци лучу хенахь 83 шо дара. Цуьнан иэс, хьекъал, лелар дика дара.

Халахеташ делахь а, оцу пресс-конференцехь хиллачу дукхахболчу къоначу корреспонденташна цуьнан мах ца хаьара… Я иза мила ву а ца хаьара, я цо яьхна фильмаш а ца евзара. Цкъа а дагара даьлла дац цо дина къамел, цо аьлла: «Шуьга, нохчашка, ладогIа хьакъ дара».

Резос элира: «Шун, нохчийн халкъ халонаш лайна, йоккха истори йолуш ду. Шу санна, шайн селханенах ала дош долу халкъаш дукха дац шуна. Ас дехар до шуьга, ма хьежалаш миллионаш доьху кинематографин студеш яхкаре. Муьлхха а «домашни» олу видеокамера схьа а эций, шайн баккхий нах охьаховшош, хилларг-лелларг дийцийта цаьрга. Церан юьхь-сибаташ, васташ – уьш санна нах кхин хир бац шуна тIейогIучу заманахь. Дийцийта цаьрга. Голливудан дайша дукха миллионаш долларшкахь харжаш йо шуна, шайна оьшу декорацеш кечъян гIерташ. Ткъа шун мохк, ахь камера дIахьажжийначохь Дала кечйина лаьтта декорацеш йолуш мохк бу. Сан боккха ларам бу нохчийн халкъе. Шуна ма-хаъара, «Грузияфильм» студи жима хиллехь а, цигахь яьхна «йоцаметражни», 10–15 минотехь бен ца лаьттачу фильмаша Iаламат доккха маьIна долчу хIуманех лаьцна дуьйцура, «Грузияфильман» сий дора СССР йолуш а, цул тIаьхьа а. ТIемаша боккха иэшам бина шун культурина, искусствона. Делахь а, нах а бу, ала дош а ду. И ду коьртаниг. Цундела боху ас, хан ма яйъа. Сайга далуш дерг ас дийр ду. Режиссура Iамаяйта шайн къоначаьрга. Со волчу бахкийта. Кхо-виъ режиссер кечван, Iамо тIелоцур ву ас а».

Нохчийн Республикера цхьа а студент вахана олуш ца хезира суна Тбилисе, режиссеран говзалла Iамо.

ЧIогIа тайнера суна гуьржийн гIиллакх. Ас тидам бира Резоца цхьаьна, иза воккха хиларна, цуьнан доладеш, улле яьлла еана цуьнан йиша хиларан. Шайга хьошалгIа кхайкхира цара, телефон а, адрес а луш.

«Шен халкъ дезачунна, кхин халкъ а дезар ду», – элира Резос.

Чхеидзе Резо дIаваьлла аьлла, хаам кхаьчча, даггара халахийтира суна, хӀунда аьлча, дIаваьлларг нохчийн къоман гергара стаг вара.

Халахеташ дерг кхин а ду: дуьненан хIуманашна тIаьхьадевллачу вайн селханен пусар дан хьекъал цатоар. Цундела хир ду-кх «ЦIера мичара ву хьо?» аьлла, хаьттича, «Посёлкера» ву олуш берш вайна юкъахь хилар.

Цундела хирг хир ю вайн гӀаланашкахь «ЧӀепалгаш» я «Жижиг-галнаш» даарийн метта «Суши» а, «Бургер» а кафеш. Сий ца дича, беркат кех а долу, махкара а дӀадоьду.

Юха-юха а дагаоьху Резон дешнаш: «Шун баккхийчу нехан юьхь-сибаташ, васташ – уьш санна нах кхин хир бац шуна тIейогIучу заманахь. Дийцийта цаьрга».

Бакъ луьйш хиллера иза, баккхий нах хьогамана ган а ца бисна вайн.

Вай дагахьбалламийн йийсаре а дуьгуш, хьаьдда йоьдуш зама а ю…

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: