Вайн яздархой – Хасавюьртахь

ДIадаханчу шоьтан дийнахь, чиллин (февраль) беттан 27-чу дийнахь, Хасавюьртарчу хьехархойн колледжехь нохчийн яздархойн студенташца цхьаьнакхетар хилира.

Соьлжа-ГIалара баьхкинера яздархой: поэт, литературовед Цуруев Шарип; литературин критик, яздархо Бурчаев Хьалим; яздархо Арсанукаев Муса.

Ненан меттан Дуьненаюкъарчу денна лерина долу цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера колледжехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш волчу Дагестан Республикин хьакъволчу хьехархочо Умаев Юсупа.

Студенташна хьеший а бовзуьйтуш, мероприятин Iалашонах лаьцна дийцира Юсупа.

ЮНЕСКО организацин сацамца а догӀуш, 2008-чу шарахь дуьйна Ненан меттан де даздеш хилар билгалдаьккхира цо. Иза юкъадаккхаран бахьана а, цуьнан истори а йовзийтира цо гулбеллачарна. Цул тIаьхьа яздархошна дош делира Юсупа.

Ненан меттан де дерриге а дуьненахь даздеш хиларан мах а хадош, шен къоман мотт хаар, бийцар, Iамор мел оьшуш а, мехала а гIуллакх ду дийцира яздархочо Арсанукаев Мусас.

«Шен къоман сий дар, цуьнан истори а, культура а ларъяр маттана тIера долалуш ду, – элира цо. – Къаьсттина доккха декхар ду нохчийн мотт а, литература а школехь хьоьхучарна тIехь, хIунда аьлча, цаьргахь матте а, литературе а, халкъан культуре а безам кхолларан гIирс бу».

Стенах доьзна ду халкъан мотт а, культура а кхиар, муьлха некъаш ду царна тIедоьлхурш хаийтира поэта Цуруев Шарипа.

«Вай, уггаре а хьалха, ларъян езарг вешан культура ю. Культура маттаца йоьзна ю, амма иза дIаялахь, цунна тIаьххье мотт а дIабер бу. Вайн берашкахь вай Iамо а, лардан а дезарг дайн гIиллакхаш ду, халкъан истори ю, хенан йохаллехь вайн хилла толамаш а, эшамаш а бу, тIаккха ала йиш хир ю вайн тIаьхье яйна яц. Дуьнен чохь гуттар а хилла, тIемашкахула я экономикин агIор делахь а, доккхачу къомо жима къам эшош, шен культуре иза дерзош, маттана тIера дуьйна гIиллакхашца а, духарца а, юучуьнца, молучуьнца – дерриг а цуьнга тIелоцуьйтуш. Оцу муьрехь къаьсттина мехала ду жимачу къомо шен культура Iалашъяр, шен мотт, биц а ца беш, ларбар. Амма жимачу къомана шен дахарехь а, Iилманехь а, къаьмнашна юкъахь лелачу культурехь а мехала ду кхечу къаьмнийн культурех пайдаэцар, нагахь и гIуллакх бертахь деш делахь», – дерзийра Шарипа.

Ненан маттах а, цуьнан мехаллах а лаьцна Бурчаев Хьалима иштта элира: «Мотт кхуьуш а, хийцалуш а бу, цуьнан шен бакъонаш ю кхиарехь. Дуккха а керланиг тIеоьцу цо. ХIора а шарахь бохург санна, керла дешнаш тIеоьцу матто, ткъа шира дешнаш маттана юккъера дIа ца довлу, уьш генна дIадохку цо, оьшучу хенахь схьаэца».

Школехь ненан мотт Iаморах а шена хетарг элира Хьалима.

«Тахана и мотт Iаморан хьелаш ледара ду, цунна вуно кIезиг сахьташ дитина школехь. И хьал кестта нис ца дахь, гIуллакх ледара хила мегаш ду. Ненан матте безам кхоллар хьехархошна тIехь хилла ца Iаш, ерриге а юкъараллина тIехь ду. Мотт ларбар иза бийцарехула, литературин, фольклоран говзарш ешарехула бен хуьлийла дац. Тахана, халахеташ делахь а, дуккха а кхачамбацарш го вайна ненан маттаца доьзна. Цхьаболчарна иза бийца а, цунах пайдаэца а ца лаьа. ХIун ду цуьнан бахьана? Кхин мотт бийцар а, коьрта долчу декъана цунна тIетовжар а стенца доьзна ду? Оцу хаттаршна жоьпаш ло вайн Iилманчаша шаьш бинчу талламашкахь», – бохура Хьалима.

Студенташа нохчийн авторийн стихаш йийшира, яздархошка церан говзарех а, нохчийн литературех а лаьцна хаттарш дира.

Цхьаьнакхетар дерзош, Умаев Юсупа а, студенташа а даггара баркалла элира яздархошна шаьш долчу хьошалгIа дахкарна а, шайна маттах а, литературах а лаьцна керланиг довзийтарна а.

М.АРСАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: