Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон пресс-службо бечу хаамашца, хӀокху деношкахь Курчалойн дешаран туьшахь Дуьненан халкъийн фестиваль дӀаяьхьира.

Цуьнан коьрта Ӏалашо яра дешархошна кхечу халкъийн культура, ламасташ, Ӏер-дахаран хьелаш довзийтар.
Фестивалехь дакъалоцучу хӀора а командо кхаж тесча шена кхаьчначу пачхьалкхехь дехачу къаьмнех лаьцна хаарш гулдеш кечамаш бинера.
Оцу къоман духар а, къоман кхача а, культурин а, декоративни-прикладни искусствон коьчалш а вовшахтухуш къахьегнера бераша.
Царна и дерриге тӀегулдан а, туьшан дешархойн хаарш совдаха а атта дара туьшан говзанчаша Ӏуналла деш хиларна.
Дешархойн а, туьшан белхахойн а, дешархойн дай-нанойн а юкъара къинхьегам бара фестиваль чулацаме а, пайдехь а вовшахтохар а, дӀаяхьар а.
Фестивалан ларамечу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран хьехамча Усманов Мансур, Курчалойн кӀоштан администрацин куьйгалхочун заместитель Зухариев Ӏимран, Курчалойн кӀоштан дешаран урхаллин хьаькам Халимов Олхазар.
Фестивалан программина юкъахь дешархоша хьаьржинчу дуьненахь а девзачу 11 халкъан культура гойтуш йолу концертан программа а, къоман кхачанан гайтамаш а бара.
Дешархойн географих, историх, культурах долу хаарш тӀедузуш а, и санна йолу фестивалаш кест-кеста дӀаяхьа уьш хьаьгна а буьтуш, хаза, беркате яра фестиваль.
Курчалойн дешаран туьшан куьйгалло баркалла элира оьшуш долчу гӀуллакха тӀехь шайна гӀо деш схьавогӀучу Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министрана Байсултанов Идрисана а, фестиваль кечъярехь даггара дакъалаьцначу дешархойн дай-наношна а, туьшан хьехархошна а.
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де