Масех конкурсан жамIаш дира

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь «Къона хьехархо – 2015», «Шеран хьехархо – 2015», «Кхетош-кхиоран системехь белхан тоьлла хьелаш гайтар» республикин конкурсийн жамIаш дира.
«Хазахетарца билгалдоккху, аш, хьехархоша конкурсаш дIахьош, шайн хаарш лаккхарчу тIегIанехь гайтина хилар. Муьлххачу а конкурсна кечам беш ницкъ а хан а, йойъу. Ткъа шу, шайн тIедехкина хиллачу декхаршца тIехдика ларадира. Аш цу кепара лаккхарчу тIегIанехь шайн белхаш дахь. Дала мукълахь, Нохчийн Республикин дешар тоьллачех цхьаъ хир ду», – элира регионан дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала.
Республикин «Къона хьехархо – 2015» конкурсехь толам баьккхира Гуьмса районерчу Жалкха юьртан №1 йолчу школин ингалс меттан хьехархочо Хаджимурадов Рамзана.
Республикин «Шеран хьехархо – 2015» цIе йолчу конкурсехь толам баьккхира ТIехьа-Мартан районерчу ВаларгтIе юьртан №2 йолчу школин ингалс меттан хьехархочо Асламбеков Анзора.
Республикин «Шеран директор – 2015» конкурсехь толам баьккхира Соьлжан районерчу Ассиновская станицин №3 йолчу школин директора Кониев Юнуса. Республикин «Кхетош-кхиоран системехь тоьлла хьелаш гайтар» цIе йолчу конкурсан кхаа номинацин толамхой а билгалбехира:
«Дешаран учрежденийн хьехархошна юкъахь кхетош-кхиоран болх дика дIахIоттор» номинацехь толам баьккхира Веданан районерчу Хоттана юьртан хьалхарчу классийн хьехархочо Ахметова Лайла а.
«Юкъарчу дешаран учрежденийн белхахошна юкъахь кхетош-кхиоран болх дика дIахIоттор» номинацехь толам баьккхира Гуьмсан гIалин №3 йолчу гимназис.
«Дешаран урхаллин муниципальни органашна юкъахь кхетош-кхиоран болх тоьллашха дIахIоттор» номинацехь толам баьккхира Гуьмса муниципальни районан дешаран урхалло.
Конкурсан толамхошна а, лауреаташна а дипломаш а делира, ахчанца совгIаташ а дира.
А.АБДУЛАЕВ

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: