«Дийна классика» конкурсан толамхо Санкт-Петербурге вохуьйтур ву

Нохчийн Республикин хӀора а кӀоштахь дӀайолош ю Ерригроссин къоначу ешархошна юкъахь дӀахьош йолчу «Дийна классика» Х-чу конкурсан схьакъасторан тураш.

Оцу конкурсехь дакъалоцуш болу кегийрхой 10–17-ий шераш долуш хила беза.

Книгаш ешар дукхадезна ца Ӏаш, шаьш ешна говзарш (книгаш) шайн нийсархошна йовзуьйтуш, царна уьш марзъеш хила а беза.

Муниципальни тур дӀаяьлча хир бу тӀаьххьарлера къовсам. Россехь уггаре а йоккха лоручу литературин оцу проектехь тоьллачу кхаа ешархочо шайн гӀалин цӀарах дакъалоцур конкурсан регионан муьрехь.

Финалан мур а, толамхошна совгӀаташ далар а Санкт-Петербурган Дворцови майданахь дӀахьур ду.

Регионерчу тоьллачу кхаа ешархочо шайн хьуьнар къовсур ду вайн мехкан ешархошца. Цигахь динчу жамӀашца бевзар бу финалан дакъалацархой. Цхьана регионера 1–3 ешархо кхача тарло оцу ерзоран туре.

Билгалдаккха деза кхушарахь «Дийна классика» конкурсан юбилей хилар. Дуьхьарлера конкурс 2011-чу шарахь хилира. Юбилейна лерина башха совгӀаташ кечдеш ю конкурс дӀаяхьарна жоьпалле йолу тоба.

Конкурсан дакъалацархойн хьуьнарийн мах хадош хир бу вайн пачхьалкхехь бевзаш болу яздархой, журналисташ, актераш, режиссераш.

Конкурсан гурашкахь кхочушъян лерина культура а, искусство а езачарна лерина йоккха программа.

«Дийна классика» Ерригроссин литературин проект дӀахьош ю Россин серлонан министерствос Россин Федерацин Президента граждански юкъаралла кхиорна къасточу грантан гӀоьнца а, Б.Щукинан цӀарах йолчу Театран институтан а, Россин Федерацин ерриге а субъектийн куьйгалхойн а гӀоьнца а.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: