Ерриге а Россехь а санна, Нохчийн Республикин юкъарчу дешаран учрежденешкахь а кхиамца кхочушъеш ю Къоман «Дешар» Федеральни проектан гурашкахь йолу «Терахьан дешаран хьаьрма» проект.

Шеларчу №1 йолчу школин хьехархочо Ибрагимова Миланас ша дӀахьочу информатикин дарсашкахь терахьийн дешаран технологех пайда а оьцуш, дешархой сиха кхеторал сов, церан оцу проекте безам а кхуллу.
9-чу классан дешархошца ша дӀадаьхьначу дарсехь цо дийцира анимированни презентаци кечъярх лаьцна: дешархойн цхьа тоба онлайн-инструкторан презентаци еш яра, важа тоба цунна бан беза хийцамаш беш яра, ткъа кхоалгӀа тоба — оцу презентацин дизайна тӀехь къахьоьгуш.
Оцу дарсех лаьцна иштта дийцира М.Ибрагимовас: «Хаамийн технологеш кхиъна йогӀучу вайн заманахь тахана ламасталлин дарсаш а, «хьехархочо дуьйцу, дешархочо ладугӀу» бохуш Ӏар тоьаш дац. Цундела, терахьийн дарсашкахь дешархойн жигаралла лакха а йоккхуш, церан вовшашца а, хьехархочун дешархошца а тӀехжигара йолчу методикех пайдаэца хьожу со. Цхьа а юьстах ца вуьсу. ХӀоранан жигараллах доьзна хуьлу тӀаьххьара нисло жамӀ а. Цундела, шена тӀехь долу жоьпалла а девзаш дакъалоцуш хуьлу хӀора а дешархо».
Терахьийн технологех кхоччуш пайдаэца хааро доккха накъосталла до хьехархочун балхана.
Технологеш дукхаезаш болчу дешархошна а дукхадезало уьш.
З.ХИЗИРОВА
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де