Москварчу командашна дуьхьал ловзарехь кхиаме кхача аьтто ца болу тIаьхьарчу шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат» командин футболистийн.
Иштта, юьхькIам боцуш, нисделира Россин Премьер-лигин чемпионатан 21-чу турехь мехкан пачхьенехь ЦСКА-н футболисташца хилла цхьаьнакхетар а.

Хьеший шайн ма-хуьллу шайн кевнна кхерам ца хилийта гIерташ, мелла а ларлуш ловзура, къаьсттина хьалхарчу таймехь.
Амма матчан 38-чу минотехь суьдахочо Сиденковс хIусамдайшна «Ахматан» гIуданан майданан 11 метран билгалонера тохар дан бакъо яларо а, оцу билгалонера тоьхна буьрка Г.Шенияс лардеш хиллачу кевна чу яхаро а вайн футболистийн дог-ойла йохийра. Цуьнга хьаьжжина хийцаделира ловзаран хатI а.
Бакъду, хьалхарчу таймехь жамI кхин хийца ца делира. Делахь а, шолгIачу тайман юьххьехь, ма-дарра аьлча, цхьаьнакхетаран 52-чу минотехь кхин цкъа а кхиаме кхечира ЦСКА-н футболисташ.
ШолгIа гол тоьхнарг Влашич вара. И ши гол тохарехь дакъалоцуш вара Рондон.
Ала дашна, «соьлжагIалахойн» кевна чу пенальти тоьхнарг а и вара.
Цул тIаьхьа, мел чIогIа гIертарх а, вайн футболистийн аьтто ца белира кхиаме кхача.
Халахеташ делахь а, жамI 0:2 долуш, «Ахматан» футболисташ оьшуш чекхделира и цхьаьнакхетар.
Кхул хьалха хилла матч а йирзинера вайн команда оьшуш.
Хь.САЙДАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 10-гIа де