Культура кхиорна юкъа – шен хазна

Тахана вайн республикехь дуккха а бу халкъана пайде болу нах. Царах цхьаъ ю Шелан кIоштан культурин цIийнан директор Бисултанова Тамара.

1989-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь доьшу цо. 30 шо сов зама ю цо культурин декъехь къахьоьгу.

Вуьшта аьлча, 1984-чу шарахь дIаболийра цо шен аттачех боцу къинхьегаман некъ. Дуьххьара, библиотекаран балха яхара иза. Цигахь болх бо Тамарас 2003 шо кхаччалц. Цул тIаьхьа, кIоштан культурин цIийнан исбаьхьаллин куьйгалхо а белхаш дина Бисултановас. Шеларчу культурин цIийнан директоран болх 2008-чу шарахь дуьйна беш бу цо.

2010-чу шарахь, шен хаарш совдаха Iалашонца Нохчийн Пачхьалкхан культурин а, искусствон а, социальни культурин гIуллакхан а, халкъан исбаьхьаллин кхоллараллин а колледж чекхйоккху цо.

Шен болх безарца беш ца хилча кхиамаш хир бац. Бисултанова Тамарас иза доггах беш хилар го, Нохчийн республикин культурин министерствос а, кIоштан администрацис а хьалха хIиттиначу декхаршца тIехдика ларорна, цунна елла Сийлаллин грамоташ хиларехь.

Иштта, кху шарахь Нохчийн Республикин куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» аьлла, сийлахь цIе а елла цунна. Билгалгалдаккха догIу, Тамарас кест-кеста Шелан кIоштан «Зама» газетехь шайн балхах лаьцна яздеш хилар.

Муьлххачу а цхьаьнакхетарна бераш кечдеш, цаьрга репетицеш йойтуш къа а хьоьгу цо. Уггаре а диканиг – шен белхан накъосташа санна, Шелан кIоштарчу кегийрхоша а чIогIа лерам бо Бисултанова Тамарин.

Дукхаеза иза массарна а.

М.ИСХАНОВ

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: