НР-н 7 муниципалитетехь 34 юкъараллин майда тойийр ю 2022-чу шарахь

Нохчийчохь юкъараллин 34 майда тоян лерина тӀедогӀучу 2022-чу шарахь.

Белхаш къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроект кхочушъяран гурашкахь дӀахьур бу.

Тоян леринчу майданийн дизайн-проекташ, ерригроссин www.gorodsreda.ru платформах пайда а оьцуш, республикерчу 7 муниципалитетан бахархоша хоржур ю.

Уьш харжаран мур 5 кӀиранах лаьттар бу: 26.04.21 — 30.05.21.

НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаьккхина проекташ Соьлжа-ГӀалин а, Устрада-ГӀалин а округийн а, Курчалойн а, Шелан а, ТӀехьа-Мартан а, Гуьмсан а, Хьалха-Мартан а кӀоштийн а бахархоша хоржург хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: