Кхажтасаран платформина гӀо дечу гӀоьнчашна Ӏаморан семинараш дӀахьур ю

26.04.21 — 30.05.21 муьрехь дӀахьур долчу онлайн кхажтасарехь гӀоьнчий (волонтераш) хир болчарна лерина Ӏаморан семинараш а, лекцеш а дӀахьур ю республикехь.


НР-н гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас билгалдаккхарехь, Нохчийчуьрчу волонтерийн штабе дӀаязбелларш иттаннаш бу.

Цара [дӀаязбаларехь] пайдаэцна гӀоьнчийн штабан dobro.ru сайтах.

Дагадоуьйту дуьйцуш долу онлайн кхажтасар къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектан гурашкахь дӀахьур долуш хилар а, иштта, республикерчу 7 муниципалитетан бахархоша цигахь дакъалоцург хилар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: