РогIера декхарш кхочушдан Арктике боьлхуш болу Россин спецназан университетера Россин гвардин бIаьхой хIокху деношкахь новкъабехира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цара дакъалоцур ду «Маьршачу хенахь хьал чолхе даьлча, Арктикин зонехь Россин Федерацин Къоман гвардин лерринчу гIуллакхийн эскарийн дакъоша дан дезарг» цIе йолчу даккхийчу Iаморашкахь.
Iаморашна коьртехь а, уьш дIахьош а хир ву Къоман гвардин эскарийн федеральни службин директор, Россин Федерацин Къоман гвардин коьрта буьйранча Золотов Виктор.
Iаморийн дакъалацархоша кхочушдийр ду цхьамогIа маьIне гIуллакхаш, царна юкъахь – Къилбаседа полюсе а, иштта Мурманске а, Байкал Iома тIе а йинчу командировкашкахь зеделлачух пайда а оьцуш, Россин спецназан университетан керла методикаш Iамор а, йовзийтар а.
Иштта, Iаморашкахь пайдаоьцур бу Москварчу а, цхьамогIа кхечу регионашкарчу а дакъошна зеделлачух — дакъалоцуш верриге а 250 стаг хир ву.
Спецназовцаш дIабахале Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь хилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Иза хьаьжира бIаьхойн материальни-техникин гIирсашка.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуьцкъаллин блокехула волчу гIоьнчас, Нохчийн Республикехула йолчу УФСВНГ-н хьаькаман хьалхарчу заместитела Мартынов Даниила республикин Куьйгалхочунна бовзийтира Iаламан халачу хьелашкахь декхарш кхочушдарна лерина кечбина болу керла гIирсаш.
Цо иштта билгалдаьккхира, шайн тоба лайна юккъехула лелаш йолчу лерринчу машенашкахь 700 километр некъ бан безаш хилар а, лахарчу температурехь герз кхоссар зен дезаш хилар а.
Иштта, Iаморийн гурашкахь, дакъалацархоша Россин гвардис ларъеш йолчу тайп-тайпанчу маьIнечу объекташкахь тренировкаш а йийр ю.
Мартынов Даниила билгалдаьккхира, «Чаборз» цIе йолу нохчийн багги а йоцуш, шаьш цкъа а цхьа а Iамораш дIадаьхьна цахилар а, хIинца а шаьш оцу машенех пайдаоьцург хилар а.
Нохчийн Республикерчу инструкторша, Iаморашкахь дакъалаьцна ца Iаш, эксперташа санна а дакъалоцу.
Д.Мартыновс дийцарехь, цара кечбина медицинин а, тактикин а, герз тоха Iаморан а мехала белхаш, Арктикехь гIуллакхаш дан уггаре а тоьллачех лоруш бу Нохчийн Республикера говзанчаш.
«И дерриге а кхочушдан аьтто хир бацара Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана терго а, гIо-накъосталла а деш ца хиллехьара. Цуьнан терго бахьанехь, керла методикаш кечъян а, царах пайдаэца а тоьлла хьелаш кхоьллина Россин спецназан университетехь», – элира Мартынов Даниила.
Цо билгалдаьккхира, Росгвардин денна лерина, дIахьур долчу Iаморашца доьзна, шаьш кечдина дика гIуллакх хилар. Цул сов, уьш дагахь бу тренировкаш дIахьочу хенахь масех керла рекорд хIотто.
«Суна бен а дац, арахьара пачхьалкхаш вайга мухха а хьоьжуш хилча а, амма со, баккъал а, тешна ву вай лелочуьнга уьш хьоьжуш хиларх. Вайга хьоьжийла уьш, кхоьрийла уьш, вайн пачхьалкхехь, муьлххачу а метте, муьлххачу а регионе вайн кхочург хилар а, вайн пачхьалкхан кхерамазалла ларъеш, дерриге а оьшуш долу гIо-накъосталла вай дийриг хилар а хоийла царна», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин нуьцкъаллин блокехула волчу гIоьнчас.
I.МУРТАЗОВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де