Нохчийчоьнан Куьйгалхочо ир-карахIоттийна UFC-н латархо Хь.Чимаев

Масех де хьалха шен Даймахка цIа веана UFC-н похIме, доккха хиндерг долу латархо Чимаев Хьамзат.

Коронавирусан ун хьакхаделла хилла волчу цуьнан Iалашо ю шен могашалла кхоччуш меттахIоттор а, вайн Iаламан башхачу хьелашкахь садаIар а, тIаккха, вайн республикехь воллушехь, керлачу латаршна кечамбар дIадолор а.

Йоццачу хенахь чIогIа гIаравала а, вовза а кхиъна волчу нохчийн похIмечу латархочуьнга боккха сий-ларам кхоллабелла Нохчийчохь хьовха, ММА езаш болчу дерриге а дуьненарчу эзарнаш нехан а.

Амма, могашалла галъяларца доьзна Хьамзат латар дита ойла хилла вара.

«Нохчийн дерриге а халкъ цуьнца цхьаьна сагатдеш дара. Цу юкъахь вара со а. Суна чIогIа ца лаьара Хьамзат иштта сиха юкъара дIаволийла, октагон цо юьтийла. Ас ир-карахIоттийра иза, цуьнан дог-ойла айъира, ши куьг охьадахийта, къарвала мегар дац элира. Лекхаволчун лаамца цамгар дIаериг хиларх, сихха толург хиларх тешийра. Хьамзат сох тийшира. ХIинца иза Нохчийн Республикехь ву, суна дош делла ма-хиллара. Тхо Соьлжа-ГIаларчу аэропорте цунна дуьхьал дахара. Бакъдерг аьлча, Хьамзат жимма вочу ваьлла. Делахь а, иза дIанислун дерг ду. ЦIеначу хIуоно, хьомечу кхерчо, хьеначу кхачано, говзанчийн тергоно шен гIуллакх дийр ду. Со тешна ву бан безаш болу талламаш бинчул а, дегI меттахIоттийначул а тIаьхьа, шеко йоццуш, иза хьалхалерраниг хирг хиларх а, толамаш баха иза юха а юкъавериг хиларх а», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Чимаев Хьамзат везавеллачу миллионаш болельщикашна санна нохчийн дерриге а халкъана а лаьа и бакъволу къонах, дика стаг, похIме спортсмен, кхоччуш шен могашалла метта а хIоттийна, мелла а сиха октагона юккъе волийла а, дуьненан чемпионан дарже болчу новкъахь керла толамаш цо бохийла а.

«Тхо тешна ду герггарчу хенахь Хьамзата юха а шен цIе дерриге а дуьненахь йоккхуьйтург хиларх», – яздина Р.Кадыровс интернетан зIенехь йолчу шен агIонехь.

Д.ПАШАЕВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: