Итон-Кхаьллан кӀоштарчу Хилдехьа ток йигаран декъехь дӀахьош жигара болх бу.

Республикин 10-чу секторан куратора, Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима хаам бина оцу хьокъехь.
Билгалдаьккхина ма-хиллара, 850 метр токан серий хӀинцале а дӀатийсина, ткъа юьртахь трансформатор хӀоттийна.
Белхаш дӀахьош «Чеченэнерго» юкъараллин белхахой бу, шайца цхьаьна леррина техника а йолуш.
Шуьйтан кӀоштарчу Мусолт-Эвлахь а бу энергетикаш къахьоьгуш. Царна хьалха хӀоттийна юьртарчу коьртачу урамехь (йохалла – 500 метр) серлонан чиркхаш тасаран декхар.
Иштта, Шаройн кӀоштарчу ХӀимахь а, Шарахь а газаца кхачояран белхаш бан лерина.
Оцу Ӏалашонца оцу шина юьрта газ йига оьшуш йолу смета а, проект а кечъян ахча а билгалдаьккхина республикин Правительствос – 6 миллион 500 эзар сом.
И.ИСЛАМОВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де