Магомаев Салавди дуьнен чу ваьлла ву Хьалха-МартантIехь Махьмин Даудан, ДухIин Закрин Рукъиятан доьзалехь 1936-чу шеран бекарг (март) беттан 12-чу дийнахь. Доьзалехь воккхахверг ву.
1944-чу шарахь нохчийн халкъ цIерадоккхуш 8 шо хилла цуьнан. Гинарг, хезнарг, лайнарг дика дагадогIу хан ю иза. Казахстанан Алма-Атан областерчу «Красный Восток» колхозехь нисделира церан рицкъ. Казахстанехь 1-чу классе деша вахара иза.
1954-чу шарахь шайн доьзалца цхьаьна «Парижская коммуна» колхозе дIавахара. Цул тIаьхьа, суьйренан школехь деша а доьшуш, дийнахь Туркестано-Сибирски цIерпоштан некъан Коьртачу материальни складехь а, тIаккха ОРС-хь киранчин (грузчикан) белхаш бира.
1956-чу шарахь 10 класс чекхъяьккхира. Салавди кхиарна боккха тIеIаткъам бинарг церан деваша Магомаев Хасмохьмад вара. Иза редактор а волуш арахоьцуш яра СССР-н Лакхарчу Совете а, Казахстан ССР-н Лакхарчу Совете а харжамийн хьокъехь йолу положенеш а, харжамашца доьзна долу цхьацца документаш а. Уьш Хасмохьмада нохчийн матте гочъеш яра.

Къоначу Салавдис тергалбора цо беш болу болх. Цо хьоьхуш, цуьнга хоьттуш Iемира цкъа хьалха нохчийн элпаш, цул тIаьхьа нохчийн йоза а.
1955-чу шеран мангалан (июль) баттахь Алма-Атахь схьадиллира нохчийн маттахь долу «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнан хьалхара номер арахецначарна юкъахь вара Хасмохьмад.
Дукха хан ялале, Салавди, тIаьхьо Салавдин девешин кIант, вевзаш волу журналист Магомаев Леча шена улле дIавигира цо.
«Къинхьегаман байракх» газетан редакцехь болх бира 1957-чу шеран хIутосург (май) бетт ан 30-гIа де тIекхаччалц, меттахIоттийна йолчу Нохч-ГIалгIайн Республике цIаверззалц.
1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь араделира Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ.
Соьлжа-ГIала хьалха цIа богIучийн могIарехь цIаберза аьтто белира цуьнан доьзалан. Алды станцехь совцош яра шалонаш. Соьлжа-ГIаларчу Шайх-Мансуран (Заводской) кIоштахь хиллачу профтехучилищен йоьхначу гIишло чохь дIанисбелира СалавдигIеран доьзал.
Уьш цIа кхаьчначу кхоалгIачу дийнахь веара МагомаевгIаьрга, Салавди партин Обкоме кхойкхуш, цхьа стаг. «Ленинан некъ» газет меттахIоттош хилар хоуьйтуш, цигахь болх бан и гIуллакх девзаш болу нах оьшуш бу аьлла, Салавдига балха кхайкхира.
МеттахIоттийначу «Ленинан некъ» газетан дуьххьарлера номер арахоьцуш историна юкъабаханчу нахана юкъахь ву Салавди. Уьш бара редактор Нажаев Ваха коьртехь а волуш, журналисташ Исмаилов Халид, Тасуев Султан, Батаев Мустафа, Джабраилов Мохьмад, Кагерманов Докка, Дадашев Iабдул.
1957-чу шеран асаран (июнь) беттан 15-чу дийнахь дуьйна оцу газетехь литсотрудникан болх бан волавелира Салавди, цул тIаьхьа корреспондентан а, гочдархочун белхаш а бира цо.
Цул тIаьхьа кхочушбира деша вахаран лаам. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан заочни отделене деша воьду иза 1958-чу шарахь.
1960-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь КПСС-н ЦК-н Москвахь йолчу Лаккхарчу партийни школе партийни а, советски а белхахой кечбаран 6 беттан курсашка деша хьажаво.
1981–1986-чуй шерашкахь доьшу Дона-тIера-Ростоверчу лаккхарчу партийни школин журналистикин отделенехь.
1973–1975-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин горсоветан депутат лаьтта иза.
1975-чу шеран хьаьттан (август) баттахь партин обкоман бюрохь «Ленинан некъ» газетан редакторан заместитель хIоттаво. Цигахь болх бира 1991-гIа шо кхаччалц.
1995-чу шеран бекарг (март) баттера 1996-чу шеран хьаьттан (август) бутт тIекхаччалц Нохчийн Республикин хаамийн, зорбанан министран заместитель вара.
1996–2001-чуй шерашкахь «Грозненский рабочий» издательствон директоран заместитель, 2001-чу шеран кхолламан баттера 2001-чу шеран асаран бутт тIекхаччалц «Вести Грозного» газетан редакторан заместитель волуш белхаш бо цо.
2004-чу шеран кхолламан баттахь дуьйна 2016-гIа шо тIекхаччалц «Даймохк» газетан корреспондент а, жоьпаллин секретарь а волуш болх бо.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де