Гуьмсера Къеди-Юьрта боьду некъ тобан болийна

Карарчу шарахь, вайн республикехь «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь кхин а 63 объект тойийр ю.

Царах регионан маьIна долчу 7 некъан дакъа а ду, шайн юкъара йохалла 19,9 километр а йолуш.

Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос бинчу хаамца, «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочуш а еш, дIадолийна регионан маьIна долу «Гуьмсе – Къеди-Юрт» некъ (объектан юкъара йохалла 1,4 километр ю) тобар.

Некъ силаман керла чкъор а дуьллуш тобийр бу. Машенан 8 дӀахӀуттийла йийр ю, иштта, машенийн 4 социйла а хир ю некъаца. Цу тӀе, 3 светофор а хӀоттор ю, серлонан чиркхаш а тосур ду.

Юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду.

Латта семса, кIеда долчу меттигашкахь пайдаоьцур бу «геосетканех». Некъаш тодарехь, тIехулара чкъор ца эккхийта лелош ю и тоьллачу технологех йолу материал.

Цул сов, шина асанан некъ еа асане боккхур бу. Цо аьтто бийр бу некъан дикалла ларъян а, иштта хаддаза а, цхьа кхерам а боцуш машенаш дIасалелийта а.

А.КАНТАЕВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: