ХIун хаьа вайна инсультах лаьцна

ТIаьхьарчу хенахь деган-пхенийн цамгарш   алсам евлла. Царна юкъахь ю коьртан хьенан пхенийн  цамгарш а. Царна шен хеннахь дарба ца лелийча, пхенашца доьзначу лазарша стаг заьIап во. Цунна дарба а, реабилитаци а ян, алссам  таронаш оьшу.  Цундела,  цунах  адамаш ларлойла лууш, оцу цамгарх лаьцна оха дийцийтира Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу поликлиникин невропотологе, медицинин Iилманийн кандидате Мусостова Зураэ.

–Вайн  республикехь нахана хуьлуш йолчу инсультех 35 процент сингаттаме тIаьхье йолуш хуьлу.  Цкъа  инсульт  хиллачарах 30 процент нахана иза юха а хуьлу. Цу декъехь  ерриге а Россехь долу хьал а ду сингаттаме. ХIора шарахь вайн  махкахь  инсульт хуьлу 400 эзар  стагана. Инсультах бахьанехь дукха адамаш  кхелхачу  пачхьалкхашна юкъахь ю Росси.

Коьртан хьенан пхенийн цамгарш чIагI ца ялийта, гипертонина а, атеросклерозана а дарба лело деза.  Шен  хеннахь царна дарба цалахаро хьечухула  цIийн лелар талхадо.

Церебральни пхенийн атеросклерозо инсульт хилийтарна кхерам бу.  Цо цIийна ечу новкъарлоно  пха муьлххачу хенахь  эккхийта тарло.

Инсульт хилла стаг ша лелалуш ца хуьлу. Цунна юххехь гуттар а накъост оьшу. Иза  хиллачарах 20 процент нах бен юха когахIуьттий дIа  ца  боьлху.

Нагахь хьалха  инсульт гIеметта хIоьттинчу стагана бен хуьлуш ца хиллехь, тахана 30-40 шераш кхаьчна кегий нах нисло цомгашчарна юкъахь.

Тидам боцуш дита ца деза корта лазар. Хье чухуларчу пхенашкахула  лелачу цIийна новкъарло хилар хоуьйтуш  хуьлу корта лазар.

Нагахь корта хьийза болабеллехь я вистхилар доьхнехь, куьйгийн, когийн пIелгаш тхьуздулуш делахь, лелар  телхинехь, дог  гIеллуш делахь, лоьрашка сихха орца даккха деза.

Дукха хьолахь инсульт цхьа а билгало  йоцуш хуьлу. Пхенийн хронически цамгар хилар хоуьйтуш хуьлу пхенийн гипертони, коьрта а, букъдаьIахкан а  пхенийн атеросклероз,  деган лазарш (мерцательная аритмия, ревматические пороки). Цул сов, пхенашна кхераме ду цIий дукъдалар а, шекар хьаладалар а. Церан могIарехь ю хьала, охьа буьйлуш болу таIам.

Инсульт кхаа кепара хуьлу: ишемически, геморрагически, субарахноидальни.

Инсульташна юкъахь 70-85 процент ишемически  хуьлу. Пхона чухIоьттинчу тромбо, цIий коьртан хье чу ца кхочуьйту. И бахьанехь нервийн клеткашна кислород ца тоьа,  тIаккха уьш хIаллакьхуьлу.

Геморрагически инсульт коьртан хье чуьра пха иккхича хуьлу. Субарахноидальни инсульт наггахь волчунна бен хуьлуш яц. Хье чуьрчу кIедачу, гезгамашан тайпанчу (паутинная)  пардошна  юккъера пха иккхина, хье чохь цIий гулделча  хуьлу иза.

Инсульт хиллачул тIаьхьа ян езаш йолу реабилитаци:  уггаре а коьрта ду комплексни дарба лелор. Леррина кечйинчу меттахIотторан комплексни программаша дика гIо до инсульт хиллачу нахана. Цу юкъа йогIу ЛФК,  массаж, мануальни терапи, бальнеотерапи, логопеди,  рефлексотерапи, кислородни терапи, кхидIа а.

Инсультах ларвала лаахь, бууш болу кхача а харжа беза, (витаминаш дерг алсам а боккхуш), шен хеннахь садаIа а деза, стрессах ларвала а веза.

Къамел зорбане  кечдинарг – Б.ДУДАЕВА

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: