Журналистан кхоллараллин хьуьнар

Нохчийн журналистикин историн теш хилла ца Iаш, цуьнан кхиарехь доккха дакъа долуш ву Магомаев Салавди.

1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») юха арахеца долийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна, 60 шарахь сов, оцу газетехь къахьегна цо, литературин белхахо, гочдархо, коьртачу редакторан заместитель, жоьпаллин секретарь волуш.

Салавдис санна, цхьана газетехь оццул шерашкахь болх бина журналист кхин вац нохчийн журналисташлахь.

Цхьана-шина дашца цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъах дийца дезаш хилча, уггаре а хьалха билгалдаккха догIу иза журналистикин воккха говзанча хилар, вуьшта аьлча, шен белхан бакъволу пхьар хилар.

Газет арахецаран а, редакцин болх вовшахтохаран а, журналистан белхан а къайленаш цунна санна карайирзинарг дукха хир вац. Цундела ларамаза дац ша газетехь болх бинчу оццул ехачу хенахь газетан воцуш цатерг хилла иза чекхваьлла хилар.

Салавдин адамаллин агIонех дерг аьлча, цуьнца цхьаьна болх бар нисделлачу массара а цхьабосса билгалдоккху, иза адамашца ваза хууш, ша гергарло лелош а, шеца гергарло лелор дезаш а, накъостийн кхиамех воккхавеш, мухха хилла а цхьанне-цхьанне шегара накъосталла хиларх чIогIа там хуьлуш (юхалург ахча делла а), нахаца яхь хилар (хьагI йоцуш) хьалхадаьккхина лелаш хилар.

Оцу дерригенах а дийца дукха ду, и деха къамел тIаьхьа а теттина, тахана, Салавдин 85 шо кхочуш, къаьсттина ала лаьа цуьнан «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» книгех лаьцна.

Суна хаьа, авторна шена а иза чIогIа еза а, маьIне а хилар. Нохчийн маттахь долчу газетехь иттаннаш шерашкахь ша бинчу белхан шатайпа жамI дар ду иза.

Шен шерийн гунан лакхенера юхахьаьжна, хиллачийн-леллачийн хьесап дан ваьлча, цунна коьрта ца хийтира шен кхиамех, хьуьнарех, ойланех дийцар, коьрта хийтира дахаран бехачу новкъахь шеца нисбеллачу накъостех дош алар, «Даймохк» («Серло», «Ленинан некъ») газетехь болх бинчу нохчийн журналистийн цIераш, доь доцуш ца яйта, книгин агIонаш тIехь дIаязъяр.

Книгин хьалхарчу агIонашкахь ялийна нохчийн зорбанан историна лерина чулацаме статья.

1923-чу шеран хIутосург (апрель) баттахь «Советская Автономная Чечня» газетан хьалхара номер араяьлчахьана дуьйна схьа таханлера де кхаччалц нохчийн маттахь долчу газето бинчу некъах дуьйцу цу тIехь.

Нийса билгалдоккху мотт, литература, культура, дешар кхиорехь тайп-тайпанчу цIерашца («Серло», «Ленинан некъ», «Даймохк») арадийлинчу газето лелийначу маьIнех.

Мехала ду газет арахоьцуш къахьегначу журналистийн цIераш йовзийтар. Нохчийн зорбанан истори толлучарна дукха пайде хаамаш бу статья тIехь.

Книгин доккхах долу дакъа нохчийн журналисташна леринчу очеркаша дIалаьцна ду. Уьш ерриге а 67 очерк ю. Церан турпалхой (ши-кхоъ воцург) Салавдина уллера бевзина а, цо шайца доттагIаллин, хьошаллин уьйраш лелийна а бу. Цундела хаало цаьрца (очеркашца) цхьа шатайпа гергарлонан хьу, ларам, царах хIора а авторна уллера гергара хеташ хилар.

Очеркийн турпалхойх 40 сов тахана воцуш ву, церан гергарчарна а доккха совгIат ду хIара книга.

Хууш ду, газетехь болх бинарш дуккха а дукха хилар. Цкъа тахана царах хIораннах а яздан ша ца ларийнехь а, уьш шена дагахь хилар а, тIейогIучу хенахь царах лаьцна яздан лаам хилар а хоуьйтуш, книгин чаккхенехь тайп-тайпанчу шерашкахь газетехь болх бинчу нехан юьззина список ялайо автора. Книга ерзайо «Къинхьегаман байракх» газетах лаьцна йолчу статьяца.

1955–1957-чуй шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу оцу газетехь дIаболабелла Салавдин журналистике некъ. Нийсса аьлча, шина шарахь гергга газетан редакцехь болх барх дахаран къилба къастор хилира Салавдина.

Нохчийн къомана дукха чолхе беанчу оцу муьрехь шен ненан маттахь газето лелийначу маьIнех оцу хиламийн дийна теш волчу Салавдис яздинарг чIогIа мехала ду.

Дийнна схьаэцча, нохчийн маттахь газетана а, цуьнан журналисташна а хIоттийна шатайпа хIоллам бу «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» книга, иза авторан кхоллараллин хьуьнар ду.

Хь.АБОЛХАНОВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: