Лоьрашна пачхьалкхан совгӀаташ дина

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана динчу хьесапашца вайн республикин медицинин хьаьрмахь къахьоьгучу белхахойх 80 процент зударий бу.

Шайн белхан декхаршца дика ларош а бу уьш. Коронавирусан ун даьржинчу муьрехь къаьсттина деза дукъ дара царна тӀедоьжнарг. Церан хьуьнарех, доьналлех, говзаллех лаьцна, цкъа а диц ца деш, дийца хьакъ а ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а хийлазза, баркаллин дош аьлла царна.

ХӀокху деношкахь Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь, мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш, Зударийн дуьненаюкъара де билгалдоккхуш, вайн республикин медицинин организацешкахь къахьоьгуш болчу тоьллачу лоьрашна-зударшна совгӀаташ дира. Нохчийн Республикин медицинин 18 белхахо яра церан декъахь.

Пироговн орденаш а, Крымски Лукин мидалш а елира лоьрашна. Пироговн орден а, Крымски Лукин мидал а коронавирусан уьнца къийсам латторехь хьуьнарш гайтарна, дарбалелорехь керла кепаш юкъаялорна, нах лечуьра кIелхьарабахарна луш ю.

Пироговн орденаш – Инфекцийн цамгарийн республикин туьшан коьртачу лоьран заместительна З.Гоевана а, Соьлжа-ГӀалин №4 йолчу клиникин дарбанцӀийнан отделан заведующина Х.Шамаевана а.

СовгӀаташ динчу лоьрашна юкъахь ю Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министран хьалхара заместитель, медицинин Ӏилманийн кандидат Исакова ПетӀамат (Зарема). Иза евзаш ю тӀом чекхбаьллачу муьрехь республикин могашаллаӀалашъяран хьаьрма меттахӀотторна юкъа доккха дакъа дилларца. Исакова ПетӀаматана «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елла.

Иштта, 3 лоьрана «Нохчийн Республикин хьакъйолу лор» цӀе елла. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехаташ делла 5 лоьрана. Царна юкъахь ю Е.Глинкин цӀарахчу Берийн клиникин республикин больницин педиатрин отделенин заведующи Шагидаева Луиза. Россин педиатрийн конгрессехь «Берийн лор–2020» номинацехь тоьлла педиатр лерина Луиза. Россин тоьллачу педиатарна «Нохчийн Республикин хьакъйолу лор» цӀе а луш, машенца совгӀат дира.

А-Хь.Кадыровн орден елла Республикин клиникин дарбанцӀийнан отделана урхалла дечу Р.Дагаевана.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: