Дуьненахь а дуьххьарлера нохчийн меттан музей хир ю вайн

Нохчийн халкъан исторехь а дуьххьара нохчийн меттан музей хир ю. Иза Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан керлачу гӀишлон чохь схьаелла нийят ду.

Нохчийн меттан музей схьаелла оьшуш болу гӀирс вовшахтухуш а, лохуш а дӀахьош болх бу.

Музейн директоран декхарш кхочушдийр ду вайн махкахь боккха сий-ларам болуш, вевзаш волчу Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Аболханов Хьаькима.

Нохчийн меттан музей оьшуш хиларх а, оцу чохь хила дезачун а хьокъехь Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата а, Аболханов Хьаькима а институтан Инстаграмерчу агӀонехь тидаме йиллинчу видеороликехь кхайкхам бина вайн республикин бахархошка.

«Къоман меттан истори гойтуш болу гӀирс а, нохчийн мотт кхиорехь, талларехь къахьегначу дуьххьарлерчу Ӏилманчех болу хаамаш (церан суьрташ, биографеш, йозанан белхийн копеш, дуьххьара, советийн Ӏедал тӀедале хиллачу абатийн а, Ӏаматийн а экземплярийн копеш а, оригиналаш а) а, кхин а дуккха а хӀума ду музей чохь хила дезаш. Нохчийн меттан музей вовшахтохар институтан белхахойн хилла ца Ӏаш, вайн дерриге а халкъо а дакъалоцуш дан дезаш, юкъара гӀуллакх ду. Нагахь санна шира книгаш я тоьшаллаш музейна дала аьтто бацахь, церан копеш хилча а тоам бийр бу», – элира Хь.Умхаевс.

«Нохчийн меттан музей схьаеллар цхьана стеган я цхьаьна дийнан болх бац. Оцу мехалчу гӀуллакхехь дакъалоцур ду аьлла хета къоман маттаца бала болуш волчу хӀора а нохчичо. Масала, цахуучарна вайн нохчийн маттаца доьзна схьаэца хӀумма а дац мотта тарло. Меттан истори толлуш дукха белхаш бина Услара а, дуьххьарлера абат хӀоттийначу Досов Къедас а. Ткъа нохчийн меттан дошамаш 30-чу шерашкахь дуьйна а зорбане юьйлуш хилла ю. Вай дӀадолочу гӀуллакхехь жигара дакъалоцур ду аьлла хета нохчийн меттан хьехархоша а, журналисташа а, ненан мотт безаш болчу вайн махкахоша а», – дийцира Хь.Аболхановс.

Яхь йолу нах даима а хилла вайн халкъана юкъахь. Оьшучохь карийна а бу уьш. Царах цхьаъ ю, масала, кху деношкахь Нохчийн меттан институтан директоре Умхаев Хьамзате нохчийн хьалхалерчу Ӏилманчийн а, яздархойн а латинин а, Ӏарбийн а меттанашкахь а, цул тӀаьхьа кириллицин графикин буха тӀехь а зорбане йийлина хиллачу абатийн а, Ӏаматийн а копеш яьхна, церан папкаш институтана схьаяийтина йолу дуккха а шерашкахь вайн республикин Берийн библиотекин директор лаьттина йолу Сайдумова Зулай.

Институтан белхахошна боккха кхаъ хиллера церан копеш ган аьтто хиларх. Зулайна даггара баркалла боху цара.

Институтан коллективо керлачу хӀусаме дӀакхалха кечамаш бечу муьрехь а, шайн болх сацийна бац Нохчийн меттан Орфографин йоккха дошам кечъечу тобано.

Институтан говзанчех массарел воккхахволчу ларамечу Устаев Ахьмадан дешнашца аьлча: «Ши пхьош хьалакарчийна бича а, биссал, дукха хир бу институто кхочушбан беза болх».

Делахь-хIета, шайн белхан декхарш кхочушдарехь малбелла Ӏийр болуш бац институтан Ӏилманчаш а, говзанчаш а.

З.ХАНОВА
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: