Гонаха даьккхина доккха гIарол а долуш, Шайх Мансур, кхечу йийсархошца цхьаьна, Петербухе дIавигира. Делкъа хенахь Имам паччахьан Екатерина ШолгIачун резиденце схьавалийра. И ган лууш берш вуно дукха бара. Паччахьа а дIахьедира ша Имам ган лууш йу аьлла. Делахь а, эла Потемкин чIогIа дуьхьал велира, цуьнца и цхьаьнакхоьтийла ца лаьара цунна.
«Цуьнца къамел дан кхераме ду. Цо хьан ерриге а делкъе йохор йу. Цул а корехула хьажахьа цуьнга», – дийхира паччахье Потемкина.
И тамашийна стаг дукха тIех безамехь, товш хиларна, паччахьан цIийнан кхиболу нах а дехарш дан хIиттира. ХIетте а, мангалан (июль) беттан 6-чу дийнахь, Екатеринас омра дира Паччахьан йуьрта иза схьавалаве, ша чохь йолчу цIийнан коллонадана уллехула дIасалелаве аьлла.
Цу тайппана, ша гуш а йоцуш, Россин тIех кхерамечу мостагIчуьнга хьажа аьтто бара цуьнан. Цуьнга хьаьжначул тIаьхьа, паччахьа къайлаха тIедиллар дира: «Нагахь санна ламанхойн баьчча ша диначунна дохко валахь, цунна кIеда кхиэл а йе, гуттаренна а ваха Россехь а вита», – аьлла.
Дохковаларе сатуьйсуш, Шайх Мансур пачхьерчу Петропавловски гIопе дIавигира. Оццу 1791-чу шеран мангалан беттан 28-чу дийнахь иза левира Къайлахчу экспедицин хьаькама Шешковский Степана.
«Хьайна йоза-дешар хууш ца хилча, халкъ муха Iамадора ахь?», – аьлла, динчу хаттарна жоп луш, Мансура аьлла хиллера: «Сан хьехамаш боца бара, чолхе а бацара. Цундела царах массо а кхетара».
Цо адамашка кхочушбе бохуш хилларш, хIора а бусалба стага кхочуш ца бича ца бовлуш болу лехамаш бара… Иза ламаз дар а, марха кхабар а, ницкъ кхачахь, ХьаьжцIа вахар а, гIийлачарна-мискачарна закатсагIа далар а, АллахI цхьаъ вар а, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ пайхамар вар а дара. Массо а бусалба стаг ву АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Цо ваийтина бакъ пайхамар хиларх теша везаш. Цунна иштта хаа деза къематде догIург хилар, дерриге а адам йуха гIатториг хилар, Маьхьшаран ара дIагулдийриг хилар, Мизан терза дIахIотториг хилар, цу тIехь хIораннан дика а, вон а узург хилар. Цаьрга хьаьжжина царна АллахIа нийса кхиэл йийриг хилар. И дара Мансура хьехнарг.

Мансуран кехаташна юкъахь диъ доIа доцург хIумма а ца карийра. Цуьнгахь цхьана а тайпа механа йеза хIума йацара, ахча дацара, дешидети а дацара. Хьан хIун бахам бу аьлла хаьттича, цо жоп деллера: «Алдахь цIа а, ши сту а, говр а йу», – аьлла.
ХIара левеш берш чIогIа инзарбаьхнера цуьнан жоьпо. Пхеа шарахь гергга Кавказерчу лаьмнийн халкъийн баьчча лаьттина волчу цуьнан кхин хьал-бахам цахилар церан кхетамца догIуш дацара.
Дов хоттуш берш цецбевлла бара Шайх Мансуран хьехамчин а, тIеман баьччин а похIманех. Йоза-дешар Iамийна ма вацара иза. Цу тIе къона а вара. Ткъе итт шо бен ма дацара цуьнан.
Къайлахчу экспедицин хьаькам Шешковский, сий-ларамечу йийсархочун хьокъехь кхоллаелла билггал цхьа ойла цахиларна, сихлуш вацара таллам чекхбаларан хьокъехь паччахье хаам бан.
Имама данне а даре ца дора ша Россица а, оьрсашца а, машаре хир воцуш, мостагIаллехь хилар. Цо чIагIдора, ша шен динан вежаршна а, шен халкъах болчу нахана а вовшашца бертахь, машаре хила, кхечу халкъашца а бертахь хила бохуш, хьехамаш бора бохуш.
Цо дийцарехь, къийсаме нах кхайкха волавелира иза оьрсийн Iедало Кавказехь еш йолу гатто, латтош долу Iазап лан кхин меттиг а ца хилла. Цо тIе ца лецира, леррина Истамбуле а вахана, цигахь Россина дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьа Султанца барт бира бохург.
Къайлахчу канцелярехь левечу хенахь, коллежски советникехула Константиновгахула Шайх Мансура дIахьедира: «Со я Константинополь а, я Сочи а, я Георги (Гуьржийчоь) а евзина вац, Кавказана дехьа а, сехьа а хилла вац. Со цкъа а некъаш гездеш ца лелла, Анапа йоцург, туркойн цхьа а гIала евзаш вац».
Талламхойн хаттаршна а, Мансуран жоьпашна а талмажалла деш нохчийн талмаж хилла. Вайна ца хаьа Анапехь Имамана инарла Гудовичан харц чIагIонаш йовзуьйтуш, хIара йийсаре ван резаван гIиртинарг и хилла я ца хилла. Хууш дерг кхин ду. Иза дохковаьлла хилла Мансуран мостагIашна гIо дарна.

Юха, йийсархочун дешнаш талмаж дечу хенахь, иза цуьнан бехк байбан гIертара, ур-атталла, иза дохковаьлла кеп хIитто гIиртира. Амма Имаман дешнашкахь дохковалар дацара я хила йиш а яцара.
Таллам барна юккъе нохчийн мотт хууш волу Константинов веача, талмажхочун харцо гучуелира, иза Нохчийчу дIахьажийра.
Мансураца хиллачу шен тIаьххьарлерчу цхьаьнакхетарехь, ша верна кхерам боллушехь, иза резихилира цуьнан кехат-кост Даймахка дIадахьа (и кхайкхам-кост газетан рогIерчу цхьана номерехь шуна бовзуьйтур бу оха, Дала мукъ лахь – автор).
Цу юкъана таллам чекхболуш бара. 1791-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 15-чу дийнахь Екатерина ШолгIачун къайлахчу омранца, Шайх Мансурана, иза гIаттамхо а, пачхьалкхан зуламхо а лерина, кхиэл йира, велла дIаваллалц Шлиссельбургерчу гIопехь набахтехь латтор тIедуьллуш.
Оццу дийнахь Ушурма гIопан коменданте Колобкин Михаиле дIавелира. Имам цхьайтталгIачу «нумер» чу воьллира. Иза казармин хьалхарчу гIат чохь яра. Мансурана цхьана дийнахь 25 кепекана харж ян билгалдинера.
Маршонах ваккхарал кхераме а, къаьхьа а хIума дац ламанхочунна, бакъволчу нохчичунна. Амма Шайх Мансур набахтехь волчу хенахь а дог-ойла хьашаелла вацара. Иза оьзда, эхь, юьхь, стогалла ларъеш, хан токхуш вара. Даима Iамал еш, ламазаш деш, Рамадан беттан дерриге а марханаш кхобуш вара. Шена пIелгаш Iуьттуьйтуш вацара, ша аьшнаш войтуш вацара. ГIарол деш волчу цхьана салтичо ша аьшнаш ван волийча, Имама оцу хьолехь а «керла буьрсалла» гайтира.
«Цуьнан сиха амал, – яздора историка М.Я.Корольковс, – йогIуш яцара гIоперчу рожан буьрсачу лехамашца. Цхьана дийнахь цо урс тоьхна вийра, ша аьшнаш веш, кIоршаме хила гIоьртина гIаролера салти».
Цул тIаьхьа Шайхана гIоьмаш туьйхира. Чохь валлоран къизачу хьелаша, маьрша цахиларо бечу ницкъо, Даймахкана сагатдаро тутмакхна пехийн цамгар (чахотка) туьйхира.
1794-чу шеран оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь детталучуьра сецира Ушурмин турпала дог.
…Екатерина ШолгIаниг а, Павел Хьалхарниг а кхелхинчул тIаьхьа, махкана куьйгалла деш император Александр Хьалхарниг волуш, Санкт-Петербурге яхара Кавказерчу халкъийн йоккха тоба (делегаци).
Ламанхой паччахьна тIекхечира. Цара цуьнга дийхира шайга Шайх Мансур шен Даймахкахь – Нохчийчохь дIаволлийта дIавахьийтахьара аьлла. Паччахьа дош делира царна гIо дан.
Делахь а, гIуллакх кхочушдан даьлча, гучуделира Имам кхелхина де бен, кхин хууш хIума цахилар. И де набахтин тептара тIе дIаяздина хиллера. Амма дIавоьллина меттиг, Шлиссельбург гIопан ламастехь ма-хиллара, мичахь ю ца хиира.
Шайх Мансур къона вара. Ткъе кхойтта шо бен дацара цуьнан набахтин туьначу, шийлачу камера чохь шен тIаьххьара денош токхучу хенахь.
Олаллин ражца ша пхеа шарахь тIом бечу муьрехь исламехь керла некъ юкъабаьккхира цо — «Кавказан мюридизм» яра цуьнан цIе.
Шен цIийца а, сица а нохчи волу Имам массарал хьалха кхийтира шайн паргIато ларъярхьама Кавказерчу халкъийн цхьаалла хила езаш хиларх. Кавказера халкъаш лолле лаца гIертачарна дуьхьал къийсам дIабаьхьна ца Iаш, Шайх Мансура къийсам дIахьора лаьмнийн юкъараллехь долчу сакхташна дуьхьал. И дарехь иза исламана тIетийжара. Мансур бахьанехь, бусалба дин Нохчийчохь чIагIделла ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а чIагIделлера. Стигланан Iаршашкахула дIахьаьдда нур дашо седа санна, Кавказан лакхенашца чекхлилхинера догмайра, ийманах, къоналлах вуьзна Ушурма, хинболчу дуккха а толамийн, боламийн, хьуьнарийн, дуккха а шерийн къийсамийн хаамча а, геланча а хилла.
Инзаре кхоллам болуш, инзаре стаг, турпал вара иза.
(Пайдаэцна I.Мусаевн «Шайх Мансур» книгах) С.ХАСАНОВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де