Республикин буоберийн а, дай-нанойн терго йоцуш дисинчу берийн а №2 йолчу школа-интернатехь берашна бакъонаш йовзийтарехь ловзаран кепехь кхетош-кхиоран тренинг йира.
Тренинг вовшахтухуш а, иза дIахьош а дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон, нохчийн пачхьалкхан университетан «юридически клиникин», кхиазхошна социальни реабилитаци яран «Феникс» туьшан векалша. Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультетан студенташа, «юридически клиникин» волонтераша кечйинчу ловзаран тренинго гIо дира берийн юридически хаарш совдахарехь.
Тренинг дIайоьдучу хенахь дийцаре дира дахарехь тайп-тайпана нислуш долу хIуманаш. Шайна хетарг олий, цул тIаьхьа, законо ма лоьхху юридически консультацега ла а дугIура цара. Кхиазхоша оцу ловзарехь жигара дакъалацаро гойтура волонетериний, царний юкъара мотт карийна хилар. Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Амаева Мадинас ма-дийццара, хIокху тайпа бакъонаш йовзийтаран кхетош-кхиоран тренинг, дахаран чолхечу хьоле нисделлачу берашна гIоьнна еш ю.
«МаьIне ду бераш кхана, даккхий а хилла, дахаран некъаш талла дуьйладелча, массо а хIуманна кийча, само йолуш кхиор. Царна шайна тIехь долчу жоьпаллин тахханехь ойла ян Iамо дика кеп ю иза», – элира цо.
Республикин буоберийн а, дай-нанойн терго йоцуш дисинчу берийн а школа-интернатан директора Даурбеков Гиланис баркалла элира тренинг шайн берашца ярна. «Бакъонаш йовзийтаран балхо церан хаарш совдаьхна ца Iаш, синкхетам а самабаьккхина аьлла хета суна», – элира цо.
З.ШАЛИЕВА
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо