Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхалло цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна профилактикин белхаш бу республикин тайп-тайпанчу школашкахь а, берийн бошмашкахь а дӀахьош.
Иштта, хIокху деношкахь, Устрада-ГIаларчу №13 йолчу гимназин дешархошца цхьаьнакхийтира МЧС-н векалш. Цара йовзийтира цIе яьлча ларъян еза бакъонаш.
Цул сов, дешархошна Iамийра бохам хилча, нийса, кхоччуш, МЧС-н белхахошна сихха, бохам хилла меттиг карор йолчу агIор хаам бан.
ЦӀеяларан бохамах лардала Ӏаморан а, иштта цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран а Ӏалашонца вовшахтоьхна дара и цхьаьнакхетар.

Ӏамораш дIадуьйладелира хаамийн системо цӀе яьлла аьлла, хаам барца.
Дукха хан ялале, ПСЧ-6-н, ПСЧ-9-н декъан цӀеяйархой схьакхечира. Церан ши Ӏалашо яра: лазийнарг кхелхьараваккхар, цӀе дӀаяйар.
ЦӀеяйархоша, уггаре а хьалха, «цӀе яьллачу меттигехь» долу хьал теллира, лазийна я чов хилла цхьа а вуй хьоьжуш.
«Лазийнарг» кхачанан цIа чохь карийра. ЦӀеяйархоша лазийнарг садоӀуьйту леррина башлакх а тиллина кIелхьараваьккхира, тӀакхха цӀе дӀаяйъира. ГӀишло чохь чӀогӀа кӀур болуш санна сурт дара хӀоттийна.
И бахьанехь, цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша садаӀар лардеш долу леррина духарш а дуьйхина бора болх. Ӏамораш дӀахьочу хенахь, цӀеяйархоша тӀедогӀучу некъийн хьал а теллира, иштта цӀеяйаран гӀирс кхачаме буй а хьаьвсира.
Цул тӀаьхьа, цӀеяйаран-кӀелхьарадахаран белхахоша цӀеяларан бохамах лардала дезаш хиларх лаьцна хьехам бира гимназин дешархошна а, хьехархошна а, иштта белхахошна а.
А.АБУЕВ
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де