Нохчийн Республикин производственни дешаран учрежденийн студенташна юкъахь «Шеран говзанча» аьлла, регионан конкурс дӀахьур ю Нохчийн пачхьалкхан колледжехь.

Федеральни «Къона говзанчаш» проектан гурашкахь дӀаяхьа лерина ю юьйцуш йолу «Шеран говзанча» регионан проект.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствос вовшахтухуш ю иза.
«Къона говзанчаш» WorldSkills – иза Дуьненаюкъара болам бу. Цуьнан Iалашо ю белхан говзаллин сий лакхадаккхар а, студентийн корматаллин дешаран кхиар практикехула чIагIдар а.
«Къона говзанчаш» боламо белхахойн корматаллин сий лакхадаьккхина ца Iаш, говзанчаш ца тоьаш йолу меттигаш билгалъярехь а доккха дакъалоцу.
Профильни сузана я дешаран кхечу заведенина юкъахь гергарло таса некъаш а досту.
Техникин говзаллаш даима а оьшуш ю экономика а, промышленность а кхиорехь.
Конкурс беа муьрехь дӀахьур ю:
1-ра мур (схьакъасторан) хир бу. Иза 2021-чу шеран чиллин – бекарг (февраль – март) беттанашкахь хир бу;
2-гӀа мур (регионан) хир бу. Иза оханан – хӀутосург (апрель – май) беттанашкахь хир бу;
3-гӀа мур (Еригроссин, тӀаьххьара) хир бу. Иза гурахь, эсаран (октябрь) баттахь дӀабоьрзур бу.
Конкурсах лаьцна болу хаам Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон mon95.ru сайта тӀехь хир бу.
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де