ХьастагӀа, Нохчийн пачхьалкхан университетан инстаграмерчу агӀонехь хилла болу хаам дукха студенташа сатийсина хила тарло аьлла хета.
Вайн къоман музыкин гӀирсех уггаре а дукхабезаш болу нохчийн дечиг-пондар лакха Ӏама лаам болчаьрга университетехь леррина схьайоьллуш кружок хилар хоуьйтура цо.

Кружокан дарсашкахь дечиг-пондарх лаьцна лелларш-хилларш довзуьйтур ду. Масала, хӀун тайпа дечиг леладо пондар беш? Муха Ӏалашбан беза иза?
Уггаре а аттачу Ӏаморна тӀера чолхечу лакхаран биста кхаччалц йолу къайленаш йовзуьйтур ю. ТӀаьхьа Ӏамор ду пондаран мерзийн хаза декар нисдан а (диапазон къасто).
Дечиг-пондар бовзийтарца а, къоман музыкин культура марзъяр ю оцу проектан коьрта Ӏалашо. Вайн халкъан иллешкахула бевзаш а, хастош а хилла бу Даймохк а, турпалхой а. Дечиг-пондарца аьлла ненах, доттагӀаллах, харцонах долу иллеш.
Вайн халкъ 1944-чу шарахь махках доккхучу хенахь, некъан бохалла, дечиг-пондарца назманаш олуш дӀабахна вайн дай. Къоман шатайпаналла гойту оцу пондаро. Дечиг-пондар лакха Ӏама лаам берш университетан музыкин кружоке дӀаязбала беза.
Шайх болу хаам Нохчийн пачхьалкхан университетан кхиоран а, социальни балхехула а йолчу урхалле хӀокху @chgu_uvsr адреса тӀе схьатасар доьху.
З.ХИЗИРОВА
№19, бекарг (март) беттан 13-гIа де