ГӀоьнчийн (волонтерийн) штабе дӀаязбар карарчу беттан 22-гӀа де кхаччалц лаьттар ду

Федеральни «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» проектан гурашкахь тойийр йолчу юкъараллин майданийн дизайн-проекташ харжаран декъерчу онлайн кхажтасарехь Нохчийчуьра 100 сов стаг хир ву гӀоьнчийн (волонтерийн) могӀарехь.

ТӀедогӀучу шарахь дӀахьур болчу оцу белхийн дизайн-проекташ харжар оханан (апрель) беттан 26-чохь дуьйна дӀадолор ду.

ГӀоьнчаша, оцу хьокъехь хаамаш барал сов, дӀаязбаларехь оьшуш долу гӀо-накъосталла а дийр ду.

Волонтераш дӀаязбар www.dobro.ru сайта тӀехь дӀахьош а ду, карарчу беттан 22-гӀа де кхаччалц лаьттар долуш а ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: