Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан «Оьрсийн мотт, литература» говзаллина Iемаш болчу 1–2-чуй курсашкарчу студенташа Соьлжа-ГIалин урамашкахь дIаяьхьира «Ударения без сомнения» цIе йолу акци. Цу гIуллакхехь самукъадаларца дакъалецира Соьлжа-ГIалин бахархоша а, дешархоша а. Студенташа кечдинера нийса тохар деш доцу оьрсийн дуккха а дешнаш: «звонит», «торты», «жалюзи», иштта дIа кхин а. Уьш даккхийчу кехаташа тIе дIа а яздина, тIехволучуьнга цунна тохар хIоттадойтуш, дIаяьхьира акци. Институтан жигархошна кхаъ хиллера дукхах болчу дешархоша дика хаарш гайтарх. Ткъа тохарш нийса ца динчарна цара дIасадийкъира оьрсийн меттан нийсаяздаран бакъенаш тIехь йолу кехаташ. ГIалин бахархоша баркалла элира студенташна. ЕГЭ дIаяла езаш болчу дешархошна а, иштта, студенташна а и тайпа гIуллакх пайдехь хилар билгалдаьккхира цара.
З.ЛЕЧАЕВА
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо