Кадыров Рамзан: «Культурин тӀаьхьалонан хӀолламаш меттахӀитторо тӀекхуьучу чкъурашна истори йовзуьйту»

Нохчийн культурин тӀаьхьало шира а, башха а истори йолуш ю. Цунах лаьцна дийцина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

«Къоман хелхаро дуккха а хӀуманаш дуьйцу. Цуьнца халкъан са ду ала мегар ду. Нохчийн гIиллакхийн бакъонаш ю цуьнан бухе ехкина. Ӏадатех а, ламастех а, майраллах а, цӀеначу безамах а, баккхийнаш ларарх а, бакъдолчу доттагӀаллах а дуьйцу цо», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.

Нохчаша хьошалла дар иллешкахь дуьйцуш хилар а хаийтина цо: «Вайн башхачу Ӏаламо а, хьаша лараро а балабо республике туристаш а, некъахой а. Вай шаьш дохко дохург цахиларна шек хила оьшуш дац царна. Вайн цӀийца ду уьш ларар! «Ялсаманин бошмашка кхачориг ву хьаша», – аьлла Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)».

Архитектурин а, историн а мехаллаш тидамза ца йитина Кадыров Рамзана.

ТӀеман хиламаша йохийна а, хӀаллакйина а хилла шира бӀаьвнаш а, гӀаланаш а тӀаьхьарчу хенахь жигара меттахӀиттош хилар билгалдаьккхина цо.

«Дуккха а хӀаллакйина хиллехь а, тахана уьш меттахӀиттош ю. Масала, Веданан кӀоштахь «Хой» комплекс а, «Алдам-ГӀеза» комплексера шира маьждиг а, Эна-Хишкан кӀоштарчу Эги-ЧӀожера гӀала а, гӀаролан пен а, Итон-Кхаьллан кӀоштара Хаскалин тӀеман бӀов, и.дӀ.кх. а», – яздина республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаккхарехь, дайша йоьттина хилла бӀаьвнаш а, маьждигаш а, хIусамаш а, дина хилла маьлхан кешнаш а, адамийн кхетамаш цец а бохуш башха а ду, нохчийн халкъан дозалла а ду.

Уьш Ӏалашдарехь а, меттахӀитторехь а жигара белхаш дӀабахьаро тӀекхуьучу чкъурашна халкъан истори а, шира дахар а довзарна цо боккха тIеӀаткъам бийриг хиларх ша тешаш хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.

И.ИСЛАМОВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: