Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца тӀеэцна республикехь Пачхьалкхан хаамийн политикин концепци.

Зорбанан а, полиграфин а база а, зорбанан а, электронни хаамийн гӀирсаш а, республикин экономикин а, промышленностан а, туризман а таронаш а кхиор догӀу цуьнца.
Цул сов, пачхьалкхан хаамийн политикин хьежамаш кхолларан а, мехкан хаамийн шортонца республика дӀаэяран а, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн декъехь адамийн бакъонаш а, маршонаш а кхочушъяран а, тӀекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетошкхиоран а, терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран а, халкъийн а, динийн а юкъаметтигаш чӀагӀъяран а, чоьхьара а, арахьара а политика кхочушъяран а дакъошкахь Нохчийн Республикин Ӏедалан органаша дан а, тидаме эца а догӀург а хьоьху цо.
Лакхахь хьахийначу дакъошца доьзна бакъонийн кехаташ кечдаран а, тӀеэцаран а бух бу и концепци.
Пачхьалкхан хаамийн политикин объекташ зорбанан (газеташ, журналаш, книгаш арахецар) а, электронни (телевидени, радио, интернет-агентствош) а шуьйрачу хаамийн гӀирсаш бу.
Нохчийн Республикин пачхьалкхан хаамийн политика хӀокху баххаш тӀехь кхуллуш ю: стеган а, вахархочун а бакъонаш коьрта хилар, законехь хилар, вовшашца зӀе хилар, шуьйрачу хаамийн гӀирсаш бозуш цахилар.
Пачхьалкхан хаамийн политикин коьрта Ӏалашо ю Нохчийн Республикехь а, цул арахьа а хуьлучу хиламийн а, иштта, политикин а, социальни а, экономикин а дакъошкара сиха а, буьззина а, бакъ а болу хаамаш дӀасабаржорна оьшу хьелаш кхоллар.
Цуьнца цхьаьна, бакъ болу хаамаш баржоран а, хаамийн декъера цхьаьнагӀуллакхаш даран а система кхолла ойла ю.
И.ИСЛАМОВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де