Дуьненаюкъара цхьамогӀа керла рейсаш схьаелла бакъо елла Соьлжа-ГӀалин аэропортана

Нохчийчоьнан пачхьенан «хӀаваан кевнашна» бакъо елла дуьненаюкъара керла рейсаш схьаелла: Кёльн (Германи); Джидда (СаӀудийн Арави); Нур-Султан (Казахстан); Бишкек (ГӀиргӀизойчоь); Бухара (Узбекистан). Оцу хьокъехь хаам бина Соьлжа-ГӀалин аэропортан коьртачу директора Шахгириев Ӏаьлвис.

«Россин Федерацехь коронавирусан инфекци дӀасацаяржийтаран декъерчу кадечу штабо а, Россин арахьарчу гӀуллакхийн министерствос а, Росавиацис а, лерринчу службаша а елла и бакъо», – билгалдаьккхина цо.

Иштта, «ЮТэйр» авиакомпанин керлачу президентаца Семенов Олегаца и гӀуллакх Москвахь дийцаре а дина Шахгириев Ӏаьлвис.

Цигахь, керла рейсаш схьаеллар дийцарал сов, республикин туризман хьал кхиор а, пассажирашна бегӀийла хьелаш кхоллар а ца дитира тидамза.

Цул сов, тӀебогӀучу баттахь дуьйна Москва («Внуково» аэропорт) йолчу рейсашна кхин 1 рейс тӀекхетарг а, Антали (Хонкара) рейсаш схьайоьллург хилар а билгалдаьлла.

№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: