БӀаьсте а, аьхке а тӀекхочуш хиларца доьзна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тӀечӀагӀйина карарчу шарахь хьаннашкахь хила тарло цӀераш дӀаяйаран план. Оцу хьокъехь хаам бина Ӏаламан тӀаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствос.
«Хьаннашкарчу цӀерашца къийсам латторехь 400 техника а, 1 664 стаг а хир ву дакъалоцуш», – билгалдаьккхина хаамехь.

Иштта, лакхахь хьахийначу ведомствос хаийтина оцу декъехь цхьаьнагӀуллакх дар МЧС-н Коьртачу урхаллица а, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствоца а дӀадахьа лерина хилар.
Юьйцуш йолу план къобалйина Къилба федеральни округехула йолчу Хьуьнан бахаман департамента а, «Авиалесохрано» а, Хьуьнан бахаман федеральни агентствос а.
Билгалдаккха деза оцу декъера план хӀора а шарахь тӀеоьцуш хилар а, хьаннашкахь цӀераш йийларца къийсам латторна а, уьш дӀасацаяржийтарна а, ца йийлийта хьелаш кхолларна а лерина хилар а.
И.АДАМОВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де