Грозненски кӀоштарчу Баса-ГӀалара цхьаъ бен йоцу школа кхачаме яц, бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а, иштта школин гӀишло цхьаболчу бахархошна генахь хиларца а доьзна. Цу тӀе, кхо раж а ю школехь.

Оцу бахьанашца, къоман «Дешар» проектан гурашкахь, юьртахь керла школа ян йолийна. Карарчу хенахь, цигахь жигара дӀахьош бу бух боттаран белхаш.
Объект яран майданахь хиллачу кӀоштан префекта Р.Абазовс хаийтина белхалошна бух ботта кхин 1,5 бутт хан езарг хилар.
«Дешар» проектан коьрта Iалашо ю школашкара кхаа рожехь долу дешар дIадаккхар а, стандартаца догIуш дешаран хьелаш тодар а
Кхо гIат а долуш, 480 дешархочунна лерина школа йина яьлча, юьртарчу дешархойн 3 рожехь хилла долу дешар 2 роже доьрзур ду.
Цул сов, керлачу школехь, кхузаманан лехамашца догӀуш долу хьелаш а кхуллур ду.
ХIора а класс, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге а гIирсашца кхачойина хир ю, иштта, школехь актови зал а, библиотека а, кхачабааран чоь а, йоккха спортан зал а йийр ю.
Хууш ма-хиллара, заманца кхуьуш ю дешар хьехаран методика.
Цундела, керлачу школехь кхузаманан лехамашна жоп а луш, керлачу программашца а, технологешца а болх бан аьтто хир бу хьехархой.
ТӀедогӀучу шеран шолгӀачу эхашарахь йина яла езаш ю школа.
А.КАНТАЕВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де