«Ламанан чIагIо: ТIерлой-Мохк»

Дукха хан йоццуш зорбане яьлла мохкталлархочун, этнографан Витаев Русланан «Ламанан чIагIо: ТIерлой-Мохк» (шира дийцарш а, таллам а) цIе йолу этнографин книга. ТIерлойн тайпанан ширачу дийцарийн башха гулар ю иза.

Нохчийн ширачу ламанан меттигех цхьаъ йолчу ТIерийчохь (ТIерлой-Махкахь) даьхначу адамийн историх а, цигарчу меттигех а, гIишлонех а лаьцна дуьйцу книги тIехь.

Царна юкъахь бу Дударх (1-чух) а, цуьнан кIентех Элдех а, Итех а, кIентан кIантах Элдин Талатах а, Бийригах а, цуьнан гIараваьллачу кIантах Биччах а, Хьоврах (Анс-Хьоврах) а, Суракъах а, кхечу а историн турпалхойх лаьцна хаамаш.

Книгин аннотацехь иштта яздина ду: «Автора ламанан меттигашкахь гулйина йолу материал ю хIокху балха тIехь юьйцуш ерг. Талламан коьрта Iалашо ю нохчийн историн меттиган ТIерлой-Мехкан (ТIерийчоьнан) шира дийцарш а, архитектурин хIолламаш а бовзийтар. XIII-XVI-чуй бIешерашкахь хилла болу историн хиламаш книги тIехь бусту йозанан хьостанашца а, историн талламашца а. Иштта, шакъаьстинчу ТIерлой тайпанан (тукхаман) дозанашкахь йоьвзуьйту ламанхойн Iер-дахаран кеп а, гIиллакхаш а, ламасташ а. Авторан Iалашонех цхьаъ ю историн тIаьхьало а, ширачу дийцарийн кепехь баккхийчу нахехула вайга схьакхаьчна долу халкъан иэс а лардар».

Книга екъна ю хIокху дакъошка: «ТIерлойн тайпанах (тукхамах) лаьцна девзаш дерг а, девзаш доцург а», «Дудар», «АстагI Тимаркъа Элапхьа йохор», «Киртиг яьккхина кхера», «Сийна зIанар», «Паланкой», «Буочуо корта», «Алмас», «Ун-Нана», «Талатин Iожалла», «Даьхчарой», «Бийриган Бичча а, Элдин Талат а», «Элий бохучу дешан кхетам а, барта ламасташ а», «Органца дина некъаш», «Сийлахь-боккха дарин некъ а, уьнан лазарш а, кхидолу хилларш а», «Геологин хиламаш бахьанехь мохк хийцабалар», «Ламанан Нохчийчохь олалла деш болчу нехан чкъор дIадаларан бахьанаш», «ТIерлой (ТIиэрий) дешан маьIна», «Iаьрбийн йозанехь долу документаш мел мехала ду вайна», «Органан округан мехалла (ТIерийчу а, кхийолу меттигаш а)», «ТIерлойн тайпанан (тукхаман) географи а, цхьайолчу меттигийн цIерийн маьIна дастар а», «Кхачано Iер-дахарна беш болу тIеIаткъам», «ТIерлой-Махкахь таханлерчу дийнахь болу архитектурин хIолламаш (суьрташ)», «М.Мурдаловн «Чечня археологическая» книги юккъера».

Витаев Руслан вина Казахстанерчу Джамбул гIаларчу Асса станцехь. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа дешна Эна-Хишка юьртан №2 йолчу школехь.

Аьхкенан хенахь даима шен деца лаьмнашкахь хуьлура иза. Шен итт шо кхаьчча дуьйна баккхийчара ламанхойн шира дийцарш а, хилларш а дуьйцуш дукха ладегIна ву иза. Оццу хенахь дуьйна уьш дIаяздан а волавелла.

«2000-чу шерашкахь ас ойла йира ТIерлой-Махках а, цуьнан турпалхойх а, барта кхоллараллах а лаьцна дIаязбина вуно кIезиг хаамаш хиларан. ТIаккха ас айса сайга хаттар дира, ас ца тохахь, хьан вовшахтухур бу и хаамаш аьлла, иштта и болх бан волавелира со», – дийцира Витаев Руслана.

«Ламанан чIагIо: ТIерлой-мохк» авторан дуьххьарлера книга ю, цуьнан тIаьххьарлера болх иза хирг цахиларх тешна а ду вай.

I.МУРТАЗОВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: