Сихачу боларца едда йоьдуш ю зама. Юха а хьаьжна, д1адаханчу шерийн чот тоха воьлча, динарг, дан ца ларийнарг листа воьлча, гуш хуьлу, дахаран шераш эрна ца дахний. Иштта, цкъа ша йоза-дешар Iамийна шен хилла дешархо, тахана шен болх, кхерч болуш, дахарехь шен меттиг дIалаьцна, адамашна дан гIо а долуш гича, Хьалипат кхета, ша латта эрна хьешна ца хиларх.
Хьалха-Мартан районан ГIойистерчу юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо ю Жакалаева Хьалипат. Иза йина 1948-чу шеран 1-чу октябрехь. Хьехархочун болх беш йолу 47 шо хан ю.
2006-чу шарахь «Шеран хьехархо – 2006» республикин конкурсан толамхо хилла иза. Цуьнан белхан мах хадош елла «Къинхьегамехь хьуьнарш гайтарна» а, II-чу даржан «Къинхьегаман сийлаллин» а мидалш ю. Иштта, 2006-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» цIе а елла цунна.
Хьехархочун корматалла жимачохь дуьйна дукхаезаш хилла цунна. Даима а оьшуш, адамашкара баркалла хир долуш болх бу аьлла хеташ хилла. Хьалипатана масал хилла лаьттина Казахстанехь шен хилла оьрсийн хьехархо Евдакия Ивановна. Жимачохь цуьнан цу корматалле безам бахийтинарг иза ю.
Хьалипата дешна Хьалха-МартантIерчу, №16 йолчу интернатехь. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъяьккхина. Шен болх дукхабезаш, хIора а дешархочунна йоза-дешар Iаморал совнаха, гIиллакх-оьздангалла Iамош схьайогIуш ю. Дешархошна ша хьоьхуш дерг а, дина хьехар а дIалаьцна карийча чIогIа самукъадолу цуьнан. Ша хьегна къа эрна ца хиллий хаьа. Доггаха хьегна къа лар йоцуш ца дуьссу», – боху Хьалипата. Иза цунна сих-сиха карладолу, хIора шарахь Москвара а, кхечу пачхьалкхашкара а кхуьнан хилла дешархой шайн цIа баьхкича. Мархадостучу дийнахь, леррина шайн дуьххьара хиллачу хьехархочун марханаш къобалдан богIу уьш. ТIаккха ерриге а яхна хан карлайолу цунна.
Берашца болх бан атта дац, амма Хьалипатана иза иштта ца хета. «Уьш дукхадезаш хилча, цаьрца бийца юкъара мотт карийча, башха хала а ца хуьлу», – боху цо.
– Цкъа а гIел ца луш болх бо аьлча-м нийса хир дац, кегийчу берашца – хIетте. Амма кIадваларх терра, цаьрца са а доIу. ХIунда аьлча берашца дерг сирла, цIена ду. Жимма а бераш девзаш, царах кхеташ хилча, церан бIаьргаш чохь го, уьш хIун хатта дагахь ду, стенах ца кхетта.
Хьехархочун болх чIогIа жоьпалле бу. Деза дукъ ду цара шайна тIелоцуш дерг. Берашна нийса къолам лаца Iамор а, жимма хан яьлча, уьш нийсачу новкъа дахар а атта дац. Къоман тIаьхье ма ю иза. Сайн болх чIогIа дукхабеза суна. Айса и корматалла харжарна цхьана а дийнахь дохко ца яьлла со. Бешахь асар дина ваьлла, ша динчу асаре бIаьг тоьхча, самукъадолу. ГIуллакх деш волчунна го ша бина болх. Иштта сайн хилла дешархой, гIиллакх-оьздангалла а йолуш, шайн-шайн белхашкахь дIанисбелла гича, жимма хилла а цу юкъахь сайн дакъа дуйла а хаьа суна. Хьехархочунна цул доккха совгIат хир а дац, – элира Хь.Жакалаевас.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо
