Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу тергонан-чоьтан органийн (КСО) куьйгалхойн кхеташонехь дакъалаьцна Россерчу 15 субъектан векалша.
Иза дIаяьхьна куьйгаллехь Ставрополан крайн Тергонан-чоьтан палатин куьйгалхо А.Колесников а волуш.
Россин Федерацин Къилбаседа-Кавказан федеральни округехула йолчу Чоьтан палатерчу КСО-н Советан куьйгалхо а ву иза.
Нохчийн Республикин Чоьтан палатин 15 шо кхачарца цуьнан белхахой декъалбира цо шен къамелехь.
«Шен оьмарехь баккхий кхиамаш а баьхна, лаккхарчу тIегIане а кхаьчна Нохчийчоьнан чоьтан орган. ХIора а шарахь шайгара говзалла а, хаарш а гойту цуьнан белхахоша…», — элира А.Колесниковс.
ДIаяьхьна кхеташо коронавирусан пандемин муьрехь тергонан-чоьтан органаша бинчу балхана лерина хиларе терра, цигахь билгалбаьккхира Нохчийн Республикин Чоьтан палатин болх а, иза кхийолчу субъекташна масале болх хилла хилар тIе а чIагIдеш.
Иштта, республикин Чоьтан палатин куьйгалхочо Хь.Байбатыровс а хьахийра ша куьйгалла дечу ведомствон болх, республикин «Нохчийн Республикин Чоьтан палатин белхан хьокъехьчу» законан (25.10.2011) лехамаш кхиамца кхочушбеш хилар билгал а доккхуш.