Динарг ца дов

ДIатесча, некъ ширло, тишло. Йицйина, дIатийсича, дайн цIераш а юкъара дIайовлу, тIаккха гуттаренна а йов. Керт-ков а тишло, цIе-кIур хаьдча. Вай нохчий ду. Вайн къоман Iадат ду хьалха дIадаханарг лардеш, дола деш: дикачун – сийдеш, вониг – емалдеш.

Амма дерриге а лардо нохчийн халкъо. Диканиг дахаран кхидIа болчу некъана бух хуьлий деха, амма сийсазниг бIешерийн наьIалто чахчадо, морцу. ХIораннах а шен=шен куьцара масал хуьлу. Цу масалшца тIаьхьенаш кхио хьовсу хьалхарнаш, нийсачу дахарна дикачух къилба а дой. Дайн сийлахь цIераш, къоман оьзда гIиллакхаш, дахар-Iеран мехала ламасташ гуттаренна а дехаш хилийтаран бес-бесара некъаш ду.

Дикачу къонахийн, майрачу турпалхойн, оьздачу зударийн цIераш тахкарца билгалдохий, бIаьрла до урамаш, школаш, дешаран кхерчаш. Iеламнехан, суьпачу нехан цIарца леладо маьждигаш, хьуьжарш.

Зератийн маьIна а, мехалалла а вуно лакхара лору. Шовданаш, даккъаш, ирзош, аьрцнаш, боьлакаш махкарчу сийлахьчу нехан цIарах леладо. Ур-атталла, дитт я тIулг нисло мехала цIе лелош.

Уьш дерриге а дехаш хуьлу тIаьхьадисинчу охIланан иэсе хьаьжжина. Хьалха баьхначийн юьхь-сибат дицдина, дайн цIераш ца евзаш, гIиллакхийн, ламастийн куцкеп талхийна тIаьхье кхиахь – иза къам а, тайпа а, кхерч а цIе летта дагар ду, иза дийна воллушехь валар ду. Ишттачух «яйна тIаьхье» олу. Нагахь санна, хьалхарчара шайл тIаьхьа яха хьакъ доллу, дегIана таза йолу, сина маьрша йолу, доьналлина нуьцкъала йолу, иэсана сема йолу тIаьхьенаш кхиийнехь, абаделлалц дехар ду къам, тайпа, кхерч.

Оцу ойланашца деха тахана а нохчийн халкъана юкъара цхьадолу адамаш, наггахь дийнна чкъор. Оцу тайпанчу нехан дахаран коьрта Iалашо хилла ца лела зорха юзор, бахамаш гулбар, хьакъдоцу, дораха гергарлонаш-захалонаш леладар. Церан ойланаш, дегнаш, синош, ур-атталла догIмаш, оьздангаллица ехар йолу тIаьхье кхиорна дIаделла хуьлу. Цуьнан дуьхьа баха а, бала а кийча хуьлу уьш. Дала хьуьнар лойла ишттачарна, уьш сов а бохийла халкъалахь!

Вайна дика девза тахана дуьненан кегийчу къаьмнашка кхаьчна де. Доьхна де ду иза. Даккхийчу, нуьцкъалчу халкъийн лаамна кIел нисделлачу церан гIиллакхаш телхина, къоман мотт дакъазабаьлла, культура охьайоьжна, синмехаллийн мах дIабаьлла. Дакъазалла кхаьчна цаьрга. Оцу халкъашна юкъахь алсамбуьйлу шайн халкъан дIадаханчу дахаре, халкъан кхана хиндолчуьнга бендацарца хьуьйсурш. Иштта халкъаш дуьненара дIадовларан некъа тIехIиттина го. Цунна бехке, дукхахдолчунна, халкъ ша ду.

Цхьаццанхьа къух хьийкъина, дахаран некъаш тишделла, доьналлаш жимделла, дуьненара дIадаларан некъа тIехь сецна лаьттачу халкъан дахарехь цхьа шатайпа беркате, керла, вайзаманан битамаш кхоллабалар мехала ду. Вай лакхахь дийцинарг дерриге а нохчийн халкъана догIуш дацахь а, кхин совдаьлла тоьлла хьал ца девзина вайн халкъана а.

Республикин коьртачу Iедалера дуьйна охьа самояро аьтто хилийтина халкъан дIадаханчу дахаран мехалаллашка юха бIаьргтоха, бIешерашкахь дахар идийначу хоршара халкъ юьстах ца тилийта.

Чамзадаьллачу дахаран хьаьрмахь ширделла, морткхетта, нохчашна хийра хилла Iадаташ, лело дегаза хилла гIиллакхаш, цIармат, хьарам «къепаллаш» юкъара дIа а йохуш, дайх дисина бакъдолу, оьзда дахар юхаметтахIотторан некъа тIедовла аьтто хилийтира. Оцу хьаьрмахь хьалакхиа доладелира дIадаханчу беркатечу, токхечу, сийлахьчу дахаран къона маргIалш. Ишттачу цхьана маргIалх лаьцна дуьйцур ду кхидIа.

Тутаран некъен хилла дахаран некъ а, боларан кеп а йовза а, талла а Iалашо лаьцна, болх болийра ас. Лакхахь вай хьехийна ма-хиллара, чолхе а, хала а гIуллакх хиллера иза. Цхьана стеган я масех стеган гIора ца тоьа ишттаниг чекхдаллалц къахьега. Къаьсттина кегийчийн накъосталла оьшу ишттачохь. Тхан цIийнан дукхахболчу кегийчийн иэс а, хьекъал а тоьира, юкъйихкина, баккхийчарна юххе а хIиттина, кхоччуш и гIуллакх дIадахьа. Къаьсттина бIаьрла хилира Асланбек, Сираждин берех волу.

«Доллушехь ира долу кIохцал» олуш, кица ду халкъалахь лелаш. Дала шена еллачу мехалчу амалх буьззина пайдаэца шовкъ а, доьналла а тоьира цуьнан. Шен ницкъ кхочучу барамехь махкана а, юьртана а пайден дерг кхочушдан сихвелира иза. Цу диканах тоьлла дакъа цуьнан цIийнан нахана а кхечира. Къух хьийкъина къовладелла ирзош достуш, пха букъбелла, лекъначу шовданашна, къуллошна керла хьостанаш дохуш, жигараделира Асланбекан ойланца юьхьйолийна долу гIуллакх… Ширделла, морткхета гергадаханчу дахаран буха тIехь хьалакъедда «къона маргIал» аьлла, йоккху ишттачу гIуллакхан цIе!..

ТIуртIи-КIотарара ГIансолчу нах хьала-охьа лелачу некъаца ю Нуьйра-дукъ боху меттиг. Меттигерчу мехалчу топонимех цхьаъ хилла Нуьйра-дукъ долу хIинца ши бIе шо кхочуш ду. Тхан дайша даьккхина, хийла некъахочун, хьеша-ден хьогалла яшийна, хийла жабажа руьйта хьийзина шовда а ду циггахь. Нуьйра-дукъара шовда аьлла, йоккху цуьнан цIе.

ТIаьхьарчу шерашкахь вайна тIехь лаьттинчу къизаллин бехкана а долуш, пха букъбелла, дайначу шовданех цхьаъ дара Нуьйра-дукъара шовда. Делан дуьхьа кхоьллинчу догойланца шен хьанал тидам Асланбека тIехьажийначу гIуллакхашна юкъа нисбелира и шовда дахаре юхадерзо болу лаам а. Оцу мехалчу гIуллакхна мел оьшург дерриг сихонца вовшахтуьйхира. Делан къинхетам хьалхабаларна масех дийнахь къахьегначул тIаьхьа шовданан коьрта пха схьакарийра.

КхидIа дан дезачун башха йоккха гIайгIа а ца йира цо. Сихонца шовданан дахар, хьалха ма-хиллара, аьлча а, хиллачул а тоьлла долуш, юха дIахIоттийра. Хаддаза дIасалелачу некъахойн хьашташ кхочушдан хинан кхачо йолу шовда Нуьйра-дукъахь юха а бIаьрладелира. Делан къинхетам а, нехан баркалла а хаддаза тIедоьлхуш лаьттара и гIуллакх.

Шовданехь цкъа мукъане а шийлачу хино ял кховдийначу хIора дегIан цIарах, цIеначу хIавао тамбина, аьхналле тевжинчу хIора синан цIарах кхуьура, яьржара йоккха Iалашо.

Цигахь Асланбека дIадолийра некъахочунна садаIа тоьлла хьелаш хIиттор. Ламаз дан меттигаш а йира, некъахочунна юуучух кхета мелла а аьтто беш гIишлош хIиттийра.

Баккхийбечу некъахойх бIаьрг моссазза кхийти, воккхавер дуссура цуьнга. Цуьнан ойла кхин а чIагIлора, хьалхахьа дIагIертара. Ханзама юкъа ца юлуш, цигахь дIахIоттийра хаза маьждиг. ХIайкал санна, тайначу маьждига чохь жамаIат Iамал ян йиш хуьлу шовзткъе итт стеган.

Цул сов, гуттар шийла а, довха а хи лаьтта цигахь, божаршна а, зударшна а къастийна ламаз дан чоьнаш а ю. Маьждиг дIаделла гулбеллачийн лаамца Асланбекан ден Сираждин цIе а тиллира цунна. Тхан дайша дуьйцуш, тхуна хезна кхин а мехала къамелаш дара юкъара дIадаза дехаш.

Церан хьесап дича, Делан некъа тIехь сийхиллачу эвлияийн цIераш а дуьхьалхIиттира. ТIуртIи-КIотарахь Iоме-тIе олучу меттехь (Нуьйрадукъарчу шовданера хьала йиъ бIе гIулч хир ю) борза тIехь ша лаьтташ го КIайн комар. Оцу диттана гонаха йина ламазан керт ю. Сан пхи-ялх шо долуш дуьххьара евзина суна и комар.

Дадас даима а дуьйцура тхуна, хьала мел кхиъначунна, БIачи-Юьртарчу ИбрахIим=Хьаьжас ламаз деш хилла цу меттехь бохуш. Цуьнан езачу цIеран хьурмат деш, керт а йина, ламазна меттиг тойина цигахь. Нуьйра-дукъарчу шовданехь а яра иштта керт. Цигахь ламазана совцуш Iадат хилла оцу заманахь. Кхузара охьаваьлча, кхо бIе гIулч лахахь кхоалгIаниг а ю ламазан керт. Цигахь ламазана соцуш хилла Iаларой-Эвлара эвлияъ Абаста-Хьаьжа. И вай цIераш яьхна болу Делан гергара нах – эвлияаш – шайн заманчохь Ташу-Хьаьжин зерате Сесана хIокху новкъа дIасалелла. Ташу-Хьаьжас шел тIаьхьа витина Зандакъара ГIеза-Хьаьжа.

Вайна хууш ма-хиллара, ГIеза-Хьаьжел тIаьхьа витина Умалт-Хьаьжа (Мата) Iаларара ву. Иштта, оцу некъашца дIасалелаш, вовшашца зIе латтийна оцу безачу наха. Даима а бохург санна, Нуьйра-дукъарчу шовданехь некъан ялъян совцар нислуш хилла церан.

Некъахочунна лерина, цигахь ша кечбина бух буьззина ца хетачу Асланбека кхин цхьа мехала ойла а хиллера шен дагахь кхобуш-кхиош. Цо йовзийтинчул тIаьхьа, и ойла кхин йийцаре яр оьшуш ца хилира: цхьабартхиллачу наха Нуьйра-дукъарчу шовданна, «Хьаьжойн шовда» аьлла, керла цIе тиллар магийра. Оцу дерригенна а кхачо хилла дIанисделира тIаьххьарниг: масех бIе синтар дуьйгIира Асланбека хьуьнан йистаца Хьаьжойн шовданна герггахь йолчу шерачу майданахь.

БIешерийн къеначу пепнийн тийжарца ийна, махо лестош, паргIат техка тайп-тайпанчу стоьмаша даздина долу къона генаш. Ялсаманин бешах тарло гурахь медачу стоьмех доьттина дитташ. Некъахочун зорхина тамбеш, мах ца боьхучу стоьмийн марзонца цуьнан дог-ойла хьостуш, техка Нуьйра-дукъарчу Хьаьжойн шовданера стоьмийн беш.

Цу тIехь хедаш бац, Делан дуьхьа, мелана бохуш, Асланбека вовшахдиттинчу мехалчу гIуллакхийн могIа, Дала мукъ лахь!

А.ДЖУНАИДОВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: