Нохчийчохь сан дуьххьарлера бIаьсте…

Нохчийн халкъ 1944-чу шарахь цІерадаьккхинчул тІаьхьа, тхан доьзал юьхьанца Казахстанехь Іийна, 1952-чу шарахь цигахь дуьнен чу ваьлла со. Сайн 5–6 шо кхаччалц хилларг суна дика дага ца догІу. 1957-чу шарахь тхо ГІиргІизойн махкарчу Московски кIошта дІакхелхира. Цигарчу Садовое юьртахь тхан Чуьйрин-Эвлара дуккха а нах бара Іаш, царна юкъахь тхан деден вежарий а, церан доьзалш а бара. Цу юьртахь ши шо гергга хан яьккхира оха, Даймахка цІадерззалц.

Лулара чубаьхкинарш а, генара веана хьаша-да а дукха лаьттара тхан хІусамехь. Тхан да цу хенахь ГІиргІизойн Хайдаркан олучу меттехь шахтехь балхахь вара.

Шен аьтто баьлча, цІа а вогІий, де-буьйса доккхура цо.

Тхоьга баьхкинчара хаддаза хоьттург цхьаъ дара: «Вай цІа дохуьйту ца боху?». Со дика ца кхетара цара дуьйцучух: «Мича цІа доьлху? Кхузахь ма ду вайн цІа», – иштта ойланаш хуьлура сан коьртехь. Цкъа ас тхайн бабе (денене) хаьттира: «Баба, вайн цІа кхузахь дац? Вай стенга даха дезаш ду?».

«Дац, Мусаъ (иштта йоккхура цо сан цІе), вайн цІа Нохчийчохь ду. Цул хаза, цул хьоме, дагна аьхна меттиг хІокху дуьненахь а хир яц. Цигахь вайн даккхий цІенош а ду, беш а ю… даьхни-м, къацахетарийн карадахана, дІадаьлла хир ду…», — жоп делира цо.

Иза, ойланашка йолий, Іара ехха, наггахь бІаьргех охьахьаьдда хин тІадам дІа а боккхуш.

ЦІерадахале а, Казахстанехь долчу хенахь а бохамаш хиллера тхан доьзалехь – 1938-чу шарахь Іедало лаьцна, тІепаза вайнера тхан деда Удди, ткъа Казахстанехь шен 20 шо а кхачале кхелхинера деваша Каиб.

Деда суна гина а вацара, ткъа деваша, со дукха жима волуш иза кхалхарна, дага ца вогІура. Амма царах болу доьзалан сингаттам суна а кхочура. Вуно жима волуш дуьйна цу шиннах йолу сирла дог-ойла даима а лаьттина сан даг чохь: «И шиъ схьавелахьара, дерриге а кхечу тайпана хир дара».

Нохчийчу цІадерза бакъо яьллачул тІаьхьа дуккха а нах дІаэха буьйлабелира тхо Іийначу Садовера. Эххар а, тхан доьзал а белира новкъа – денана, дейиша, нана, со, сан жимах йолу йиша. Тхан да, цкъачунна, ГІиргІизойчохь вуьсуш вара.

Тхаьш цІерпошта тІехь бехха некъ бар дагадогІу суна. Юьхьанца сан самукъадолура вагонан корехула арахьоьжуш: шера аренаш, кегий а, яккхий а ярташ, гІаланаш яра гуш. Суна цкъа а газа инзаре, тамашийна Іаламан суьрташ дара арахь дерш. Цхьамма дІа ца ваьккхича, корах леттачуьра дІа ца волура со. Цхьанхьа вокзалехь цІерпошт сецча, тхан нана яахІума эца охьаюссура. Цунна оьрсийн мотт вуно дика хаьара, цІа догІуш, массанхьа а хьалха йоккхуш яра иза тхан денанас.

Ас чІогІа сагатдора, нана цІерпошта тІера охьайоьссинчохь жимма а хьеелча. Иза цигахь а юьтуш, цІерпошт дІаяхарна кхоьрура со. Корах а летий, бІаьргашца нахана юккъехь иза схьалоьхура ас. Сихачу боларца вагонна тІейогІу иза сайна гича: «Мама йогІу! Мама йогІу!» – олий, мохь болура сан. «Ма дика ду шун иза йолуш, Дала дукха яхайойла шуна иза», – олура бабас, сан коьртах куьг а хьокхуш.

Суна дага ца догІу тхаьш маса дийнахь цІа ихира. Эххар а, бехха некъ бинчул тІаьхьа, тхайн юьрта кхечира тхо. Тхан дедас динчу цІенойх цхьа боккха барз бен ца бисинера. Декъана гуонаха керт а яцара, я кетІе а, я кетІахь утарма а яцара. УьйтІе хиллачохь цхьа-ши дитт дара лаьтташ. Гуьйренан юьхь яра иза, денош хаза лаьтташ дара.

Хала къурдаш а деш, юьхь тІера бос а баьхьна, цІенойн борзана тІеяхара баба. Бертал а йоьжна, ахІий-декъахь йилхира иза. Цунна тІаьххье тхо а дилхира. Со дика ца кхетара, уьш хІунда боьлху. Амма даго хьоьхура цаьргахь цхьа бала хилар. Дерриге а тІаьхьа, со воккха хилча, хиира.

Иштта нисделира тхан Даймахка цІадерзар. Тхол хьалха цІа баьхкинчу гергарчу нахехь тхо тІеэца паргІат меттиг яцара. Цу хенахь наха, сихха чуберзархьама, цхьа-ши чоь йолуш жима цІа бен ца дора, доьзал мел боккха белахь а. ЦІабирзинчеран таронаш а яцара, уьш хилча а, схьаэца гІишлошъяран гІирс а бацара. Амма дахаран-Іеран халонаш гуш яцара нохчашна, коьртаниг – уьш хІинца шайн цІахь, Нохчийчохь, бара. Тхайн луларчу, дохоза дисинчу, цхьана тишачу цІа чохь шийла Іа даьккхира оха.

ХІора дийнахь эвла йистте дечиге доьдура тхан наний, сой. Ягон мегар йолу дечиг а, кол а хьокхий, боккха мохь ги буллура нанас, цхьа-ши жІолам соьга а лора, ас дехарна.

«Нийсса суна тІаьххье, сан лорах схьавоьллахь, Бокку, атта хир ду хьуна», – олура цо. Доккхачу лайлахула, ненан лора тІе ког баккха а гІерташ, схьавогІура со. ХІетахь сайгара цхьа доккха хьуьнар даьлча санна хетара суна, со ненаца дечиге а вахана, цІа веача. Уьш дахаран дуьххьарлера дарсаш дара, уггаре а мехалнаш, уггаре а коьртанаш. Масане дара уьш цул тІаьхьа сан дахарехь!

Тхо цІадирзинчул тІаьхьа деана дуьххьарлера буьрса Іа, оха мел хала иза даьккхинехь а, шен хеннахь дІаделира. Цунна тІаьххье Нохчийчохь сан дуьххьарлера бІаьсте а еара…

АРСАНУКАЕВ Муса
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: