ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Цхьааллин Концепцин гурашкахь Невран кIоштан Керла-Солкушино юьртарчу «СтелаIад» берийн бешан кхетош-кхиорхошна экскурси йира цигарчу Культурин цIийнан музейхь.

«Къона мохкталлархо» клубан куьйгалхочо Джаватханова Хьавас музейхь йолчу экспонатех лаьцна дийцира берашна.
Шаьш кегий хиларе терра, царна массо а хIума довза лаьара. Дукхахйолу хIуманаш берашна дуьххьара гуш яра.
Хьавана го бина, ша-ша хаттар деш, цецдуьйлуш, юх-юха а хьоьжура бераш музейн экспонаташка.
Цхьайолу экспонаташ хьалха заманахь вайн дай-наноша хIусамехь, юьртабахамехь лелийна яра, иштта, оцу экспонатийн могIаршкахь яра, дукха хан йоццуш, вайн халкъо дезар деш лелийна дуккха а хIуманаш.
– Зама кхуьуш хиларе терра, керланиг юкъадаьлча, цхьадерг ца оьшуш, ширло, тIаккха историга доьрзу. Амма яханчу заманахь шайн дай муха баьхна хоуьйтуш, музейшкахь охьадуьллуш ца хилахь, кханенна хала хир ду шайн истори ларъян а, шайн дайх лаьцна дош ала а. Цул сов, вайн къона чкъор марздан деза ишттачу меттигашка, – дийцира Джаватханова Хьавас.
ВЕГИЕВА Макка
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де