Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дӀаяьхьира «Бераша ингалсан поэзи йоьшу» республикин фестиваль-конкурс.

Фестиваль, вовшахтоьхна, дӀаяьхьира университетан Кхечу къаьмнийн меттанаш хьехаран а, теорин а кафедрин дӀадолорца.
Ингалсхойн поэтийн байташ говза дӀаешарехула хаарш къовсар дара конкурсе диллинарг.
Конкурсехь дакъалецира Нохчийн Республикин юкъарадешаран школийн 5–11-чуй классийн дешархоша. Дакъалацархой шина тобане бекъна бара (5–7, 8–11 классашка).
Конкурсан лараме хьаша вара университетан ректор Байханов ИсмаьӀал.
И.Байхановн дӀадолорца йиллина студенташна а, къоначу хьехархошна а леррина кхузаманан педагогикин технологеш Ӏаморехь оьшуш долу гӀо даран Хьехархойн пхьалгӀа ю университетехь (цуьнан куьйгалхо 2018-чу шарахь Россин шеран хьехархо хилла волу, нохчийн халкъан хьехархо Динаев Ӏалихан ву).
Оцу пхьалгӀахь «The best teacher» («Тоьлла хьехархо») клуб ю болх беш.
Университетан хӀора а выпускник ингалсан маттахь хецна къамел дан хууш хилийтар ю клубан Ӏалашо.
ХӀора а кӀиранах ингалсан маттахь дӀахьош йолчу мастерклассашкахь вовшахкхета студенташ а, «The best teacher» клубан декъашхой а.
Фестиваль-конкурсан дакъалацархошка динчу къамелехь И.Байхановс билгалдаьккхира нохчий уггаре а хьалха шен къоман мотт хууш хила безаш хилар, ткъа кхидолу меттанаш, кхузаманан хьелашкахь, ца хиъча ца долуш хилар.
Хууш ма-хиллара ингалсан мотт дуьненаюкъара мотт бу.
«Бераша ингалсан поэзи йоьшу» конкурсехь дуьненахь а бевзаш болчу Ш.Шекспиран, Р.Фростан, Р.Киплинган, В.Блейкан, Д.Байронан, иштта, кхечу авторийн а говзаршна юкъара кийсакаш а йоьшуш, шайн хьуьнарш гайтира бераша.
Байт хаза дӀаеша хааран номерехь дешархоша пайдаоьцура музыках а, актерийн говзаллах а.
Фестиваль чекхъяьлча, универститетан пресс-службин белхахоша кечйинчу видео-репортажехь дешархоша дийцира шайна ингалсан мотт безаран бахьанех а, номер кечъеш шаьш бинчу кечамах а лаьцна.
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де