«Диллинчу дарсан» де

Карарчу хенахь дӀахьош ю Ерригроссин хьехархойн говзаллин «Шеран хьехархо – 2021» конкурсан хьалхарчу, очни муьран гӀалин тур.

Конкурсан хьалхара «Дарс» зер мехала тӀедиллар ду «Шеран хьехархо» конкурсан дакъалацархошна.

ХӀора а хьехархочо дарс дӀадахьаран некъах, цуьнан говзаллех доьзна хадош хуьлу цуьнан мах.

Дешархойн тидам тӀеберзо хаар а, дарс дӀадахьар паргӀат хилар а, дешархочун дог-ойла гӀаттош, цуьнан хаарш тӀедузуш, чулацаме хилар ду жюрис хьесапе оьцург.

Верриге а 12 лауреат ву «Дарс» зерашкахь билгалвала везаш верг.

Конкурсан шолгӀа тур «Мастер-класс», «Классан сахьт», «Дешаран проект» зерашкахула дӀахьур ю. Цул тӀаьхьа къастор ву конкурсехь тоьлларг.

З.ХИЗИРОВА
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: