Ийшира, дан леринарг чекх а ца даьлла

Россин Премьер-лигин чемпионатан 22-чу турехь «Ахмат» команда хьошалгIахь Санкт-Петербургерчу «Зенит» командица левзира. Оцу цхьаьнакхетарна шен футболисташ леррина кечбинера «соьлжагIалахойн» коьртачу тренера А.Талалаевс.

Амма цара дан дагалаьцна хилларг доьхна дIадахара шолгIачу тайман юьххьехь хIусамдайн футболиста геннара тоьхна хилла буьрка вайн кевнахочо Г.Шелияс лардечу кевна чу яхча. Гол тоьхнарг В.Караваев вара.

Гол тоьхначул тIаьхьа, аьнгалин пхьегIа санна, доьхна дIадахара вайн футболистийн ловзар. Шайна тренеро хьехна тактика а йицйина, уьш, жамI дIанисдан йолчу ойланца, тIелетаршка бевлира, «Зенитана» данне а атта а дацара уьш совцо.

Делахь а, иштта нислуш махиллара, цхьаьнакхетаран 65-чу минотехь шен гIуданан майданахь кIоршаме левзира вайн командера цхьа футболист. ТIаккха хIусамдайшна гIуданан тохар дан бакъо елира суьдахочо. С.Азмуна иза дика кхочуш а дира 2:0.

Цул тIаьхьа а «Ахматан» футболистийн дог-ойла ир-карахIотто гIертара тренер. Амма церан ловзарехь юьхьанца хилла шовкъ ца хаалора.

Иза данне а дацара уьш ловзуш бацара, гол тоха ца гIертара бохург. ГIертара. «Зенитан» кевнна кхерамаш а туьйсура.

Олуш ма-хиллара, оцу суьйранна аьттоно букъ берзийна баьллера. Мел чIогIа гIиртича а кхиаме ца кхачабелира уьш. Кевне хьажийна 9-зза буьрка тоьхна хиллехь а. Буьрка тохарехь кхин алсам ца бевллачу хIусамдайн кхин а шозза кхиаме кхочийла хилира.

Цу тайппана, жамI 4:0 долуш толам баьккхира «Зенито».

ЖамI иштта нисделлехь а атта баьккхина бацара и толам.

В.Караваевс тоьхна буьрка вайн кевна чу ца яханехь жамI кхечу кепара хила тарлуш дара.

Хь.САЙДАЕВ
№20, бекарг (март) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: